ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Айдамирова Машар. Заманан илли


Айдамирова Машар

Заманан илли

Дегочу куьйгашца, хала доьIу са а сацийна, дечиг пондар, цхьа экаме бер санна, кара а лаьцна, цхьана мурстана дIатийра воккха стаг.

ТIаккха, доккха садоккхуш, дазделла бIаьргаш дIахьабдира.

«ОхI-хIа-а-ай!» — воккхачу стеган кийрара яьллачу сингаттаман Iаьнарца денделира Iодах дуьйлина шийла мерзаш. ДIо-о, дагна герга мел гIирти, доьлхуш, хир хедий, цIийзаш.

Кхо мерз — жималлин мерз, къоналлин мерз, къаналлин мерз.

Кхо аз. Кхаа заманан сица дуьйцина илли.

Ширачу мукъамо цхьа токхе юьзира яьсса чоь.

Яьсса чоь юьзна Iарий-те?

Якхъелла ойла, къийделла са, силсилан зIе лоьхуш, дуткъаделла пхенаш…

Ша дерриге а меттахделира.

Карладелира.

Бехк боккхуш, ойла йойтуш, иэхь хоьтуьйтуш…

Воккхачу стеган къамел дара иза.

Дош доцуш, мукъаме дирзина илли.

Дахаран илли.

Воккха стаг вацара илли олург. Зама яра къамеле яьлларг. ГIайгIане, иэшаме. Цкъа догдуьллуьйтуш, юха дегайовхо кхуллуш.

Йо-о-о, Дахар!.. Ма хала хIума ю-кх хьо!

Кхераме! Хьере хиллал кхераме!

Амма, ва-а-а, сан Дела хьо яI, ма инзаре хаза ду-кх хьо, хIай, дахар, хьо да-м!

Исбаьхьа… сирла беттаса санна… бIаьстенан юьххьехь, кхин тоха са ца хилла, дахарна сихделла, дуьнене кхевдина бIаьстенан хьалхара зезаг санна… Iаламца берта яхана, цуьнгара хиндолчу цхьа доккхачу совгIате ладоьгIна, хIинцца ялхийтта шаре яьллачу къоначу йоIан, сатийсаман ткъес лечкъош, бIаьргийн эсала хьажар санна.

Сан а ма хилла мацах цкъа ялхийтта шо!

Сан а ма бисина цхьа мерза дагалецамаш…

ХIара жима, готта дуьне, ша дерриге а дIа ма тарделлера сан доккхачу дагчохь. Элп алале, хIуммаъ хала а ца боккхуш, цхьана-шина гIулчаца гуо таса а ма ларавора со… Оцу заманчохь сан гIулч шуьйра а ма яра, йоккха…

Ткъа хIара адамаш, барам боцуш дукха хиллехь а, суна цуьрриг а новкъа ма дацара, уьш сан дуьненчохь, Дала, къаьсттина суна, хIай-хIай, суна сайнна кхоьллинчу дуьненчохь дехаш доллушехь. Уьш сайн хьеший ма хетара суна, хьурмате хьеший, боккхачу къинхетамца, лерамца, сайн хIусамехь, сан горгачу дуьненчохь, царна хьошалла а лелош. Цхьа а хьагI-гамо ма яцара сан дагчохь оцу нахаца, хIара сан дуьне дита уьш сиха боццушехь, сан хIусамехь хьошалара ца бовлуш, уьш хьебеллашехь.

Ткъа дахар?.. И хала, хьераваллал кхераме дахар?..

Иза данне а ма дацара иштта хIетахь! Хилла а ма дацара!

Хала а, кхераме а, кхано-о, со воккха хилча, хилир-кха иза иштта! Iадаваллал кхераме а, чолхе а!

Воккха хиллачу суна, хIара дуьне а шорделира, хьалха ягаръян ца ларош хила чаккхармаш а, бIаьрго хьовззол, яхъелира…

Сан гIулч а, лан ца яллал, яцъелира, дийно сарралц са а хаьдда, ведда идача а, ков-кертал аравала а ца кхиавора.

ТIаккха самавелира со… Синкхетаме веара.

Суна гайтира сайн меттиг…

Хаийтира, боккъал а, со мила ву.

ТIаккха кхийтира со, хIокху дуьненан да со цахиларх а… хIара башха дуьне деккъа сан дуьхьа кхоьллина цахиларх а… аса боккхачу къинхетамца, доккхачу собарца, лерамца, оцу барам боцуш дукха хеттачу адамашна дина хьошалла… хийрачу хIусамехь лелийна хилар.

ТIаккха со иэсе веара… Кхеравелира… Эхь хийтира.

Делахь а, эрна ца хила-кх сан хIокху исбаьхьчу дуьненчу валар а.

Сан а ма хилла, мелла хиллехь а, даима сиха хуьлу хьеший — хазахетарш а, дIакъаста ца туьгу — мерза сатийсамаш а.

Архаш сецо жималла а, синтем байна къоналла а.

Мерзаш, ша-ша ала гIерташ, жималлех терра, аьрха, челакхе, хецаелла дин-бекъа санна, шен илли сихдина декара. Оцу иллехь хезара бераллин шовкъе аьзнаш, шийлачу шовданца цIеналла къуьйсуш, самукъане делар, маьлхан догIанех мурстан бIаьрхиш а. Малхо кхерзинчу некъах чан туьйсуьйтуш, берзинчу когийн тата, чухчарин кIеж лоьцуш, дIасалесто хинтIадамаш… аьрзонашца локхалла къуьйсуш, тархех тийсадалар… бер дижош, нанас олу аганан илли.

Воккхачу стеган юьхьа тIехь бераллин нур догу…

Ткъа мерзаш, воккхачу стеган дог-ойланца доккха гергарло а тесна, цхьанаэшаре дирзина.

ХIинца къоналла юьйцуш дека уьш.

Пхенаш гатделла, карзахе кхехка цIий, дог огу безаман алу, мерзачу сатийсаман йийсархочо чехайо яхъелла буьйсанаш… кIайн гIабали… самукъане ловзар… ирсах хьерча дахар… берийн хьалхара гIулчаш…

Воккха стаг, оцу ирсечу дагалецамаша вахийна, халла хаалуш, ша волччохь дIасатехка.

Амма, и ирсе дагалецамаш керара схьабохуш, рагI шега оьцу кхоалгIачу мерзо… ГIоргIачу, паргIатчу… Болар лагIделла, яйн йовхарш, соцунгIаца болар.

ХIинца ша-ша къаьстина бека кхуьй а мерз. Замано гIелдина, гIора дайна, ницкъ иэшна куьйга пIелгаш текхна-а тийсало шийлачу мерзех. Йовхо а юхаяьлла, шовкъ яйна, ногъеттар а гIелделла.

ХIинца къаналла яра шен дахаран жамI деш. Хьехамашна муьтIахь хилар зуьйш.

Хьайн семаллица, ховхаллица малхах тарлолахь!..

Нехан сакхташ хьулдеш, буьйсанах тарлолахь!..

Синмехаллех дуьйцина жовхIаран кочар хилалахь!

Деган комаьршалла, синан оьздангалла дистинчу хих хьадийталахь!

ОьгIазло эшаеш, лам санна, собаре хилалахь!

Хьуо ма-варра гайталахь, хьуо ма-гайттара вахалахь!

Iожаллех ма кхералахь! Валар, юхаденвалар ду хьуна…

Малх гIоттуш гиний хьуна? Малх чубузуш? Чубузарх йовш юй, ткъа, маьлхан а, беттан а исбаьхьалла?!

Воккхачу стеган хьабдинчу бIаьргех бIаьрхиш охьахьоьлху. КIоргачу хебарех тийсалуш, сирчу маж тIехула хахкаделла, мерзаш дегош, дечиг- пондар тIехь дуьра тача дуьллу.

Пондаран гIийла узар долу… Пондар лазийна, Iовжийна… БIаьрхишца лазам Iийдало.

Хьанна воьлхура-те воккха стаг?

Сирлачу бераллина?.. Аьрхачу къоналлина?..

Сатийсамашкахь бисинчу сатийсамашна?..

Дахаро Iовжийначу шерашна? ДIаяханчу заманна я бухаюьсучу заманна? Я тIейогIучу заманна?

Воккха стаг воьлхура дIахIоьттинчу заманна… Ирсениг, сийлахьниг, дайша йоI-бIаьрг санна, лардина, халкъан са хилла бекна ненан мотт а, къомах къам дина дайн гIиллакхаш а, ширбелла куз санна, хьарччош тIегулбина, эшаран мах гIелбелла, юьстах тасарна.

Воьлхура тIейогIучу заманна…

Шен семаллица, ховхаллица малхах тарвала а ма гIиртинера иза, нехан сакхташ хьулдеш, Iаьржачу буьйсанах тарвала а. Синмехаллех дуьйцинчу жовхIарх кочар хила а, комаьршаллах, оьздангаллах дистинчу хих тарвала а, оьгIазло эшош, шегахь лам санна, собар а ма карийнера, ша ма-варра гайта а, ма-гайттара ваха а.

Ийширий-те малхах тарвалар? Цхьа а вохвин-те?

Буьйсанах тарваларх, хьулделин-те нехан сакхташ а?

Шен дахаран зеделлачух, синмехаллех дуьйцина исбаьхьа жовхIар совгIатана схьаэца бешарий-те? Иза лардан доьналла, кхетам тоьарий-те?

Комаьршаллех, оьздангаллех дистина догIучу хина дуьхьалонаш хIитторий-те?

Хаац… Дера ца хаьа, хIун гойтур а!

ХIай, Дахар!.. Ма хала хIума ю-кх хьо! Кхераме… Хьере хиллал кхераме!

Амма, во-о-о, сан Дела хьо яI, ма инзаре хаза дара-кх хьо, хIай дахар, хIай!..

Исбаьхьа… хьере хиллал исбаьхьа!

XS
SM
MD
LG