Нохчийчуьрчу массо а "бюджетхошна" тIедожийна мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана пачхьалкхан "Грозный" телеканалан социалан машанашкарчу агIонашка язбала.
"Уьш вайн некъан накъостий бац (телеканалан аккаунташка цаязбелларш – ред), кхераме бу вайна", - аьлла Кадыровс Iедалхошца рогIера кхеташо дIахьош.
Цо дийцарехь, "Малхбузерчу а, Европерчу а лерринчу ницкъаша" иттаннаш миллионашкахь ахча дойъу Нохчийчуьра хьал дохо гIерташ.
- Хьалхо Кадыровс шен куьйга кIелхьара хьаькамаш декхаребира "экстремизмца а, Малхбузенан мехаллашца а" къийсам латто. Оцу балханна тIехьажар дожийра информацин а, зорбанан а министрна Дудаев Ахьмадна тIе.
- 2019 шеран Лахьан-баттахь "Грозный" телеканелехула шогга емалбира интернетехула "сий бехдийраш".
- 2019 шеран бIаьста Кадыровс омра дира "Нохчийчоьнна а, Оьрсийчоьнна а дуьхьал идеологин тIемаш латточаьрца" хьош болу къийсам чIагIбан.
-