ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дийнахь буса коронавирусах 12 стаг велла, 411 цомгуш хилла Къилбаседа Кавказехь


12 вахархо кхелхина коронавирусах Къилбаседа Кавказан мехкашкахь, цомгуш хилла цунах 411 стаг, яздо шен рог1ерчу хаамехь Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалояран Оперативан штабо.

Дагестанехь а, ГIалмакхойчохь а велла кхоккха вахархо, Ставропол-махкахь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а – шишша, Краснодар-махкахь а, Нохчийчохь а – цхьацца. Официалан статистикаца, верриг а велларг ву уьнах Къилбаседа Кавказехь 905 стаг.

Дийнахь-буса а, юьхьанца схьа а коронавирусах цомгуш хиллачийн терахьаш иштта ду:

  • Ставропол-мохк +129 (6625 юьхьанца дуьйна)
  • Краснодар-мохк + 66 (7045)
  • Дагестан + 44 (8691)
  • ГIалмакхойчоь + 40 (2315)
  • Кхарачой-Чергазийчоь + 28 (4162)
  • ГIалгIайчоь + 27 (3393)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь + 25 (5751)
  • Адыгей + 18 (2326)
  • Къилбаседа ХIирийчоь + 17 (4320)
  • Нохчийчоь + 17 (1895)

Ткъа ерриг а Оьрсийчохь Товбеца-беттан 17-чу денна Оперативан штабо гойтучу статистикаца а догIуш, коронавирусах цомгуш хиллачу адамийн барам кхаьчна 759 203-нне.

Федералан штабан информаци дукха хьолехь йогIуш ца хуьлу регионашкарчу терахьашца. Хьаькамаша иза дузу Москвахь а, меттигашкахь а цомгушнаш зер кеп-кепара дIахьош хиларца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG