ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровца гергарло лелорна бехкевеш, спортхо Тайсумов шеца лата кхайкхина нохчийн бакъонашларъярхочо


VAYFOND юкъараллин куьйгалхо Садулаев Мансур

Охьатохархлатархо-профессионал Тайсумов Майрбек шеца рингехь тасавала кхайкхина бакъонашларъяран "Вайфонд" юкъараллин куьйгалхочо Садулаев Мансура. Цо бехкбиллина Тайсумовна, Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьоьшуш волчу Кадыров Рамзанца цхьаьна суьрташ а дохуш, оцу юкъанна дуьнентIерачу маьрша пачхьалкхашкахь вехаш иза леларна.

Ша яржийначу видео чохь Садулаевс боху, шайх Iазапна кIелхьара бевлла баьхкина мухIажираш а олуш, амма, Тайсумов санна, Кадыровн Iедалехьа болу Нохчийчуьра спортхой шаьш дехачу хIусамашка а кхуьйкхуш лела цхьаболу Европера нохчий. Иштта нах, Садулаевс бахарехь, тешаме бац баккъал а Оьрсийчоьно шайна тIе баланаш а биссийна, дуьне ма-дду дIасабаьржинчу мухIажирашна.

"Сан къамел хьоьга ду Тайсумов Майрбек. Со а ву спортхо, профессионал вацахь а. Со а ву Венехь вехаш, Австрехь, ас сайца лата ринге кхойкху хьо. Со нохчийн байракх кIел хир ву, ткъа хьо – Оьрсийчоьнан, Кадыровн байракх кIел..", - аьлла "Вайфондан" лидеро.

Кавказ.Реалиига ша Садулаева бахарехь, цкъачунна жоп ца делла Тайсумовс.

  • Тайсумов Майрбек – схьавалар ду Нохчийчуьра, летта Оьрсийчоьнан а, Австрин а цIарх.
  • 2014 шарахь Тайсумовца контракт хIоттийра UFC юкъаралло. Оцу Америкерчу профессионалан цхьаьнакхетараллехь 9-за летта иза, 7-зза тоьлла, 2-зза эшна. Контрактан хан чекхъяьлча, мукъаваьккхина промоушенах.
  • 2017 шарахь Тайсумовца ша хIоттийна контракт йохийра Венерчу "Not in God’s name" проекто, цуьнан инстаграмерчу агIонехь иза а, Кадыров а цхьаьнаволу суьрташ хааделча.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG