ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыровс телеграм-хабар дахьийтина Украинин президенте Зеленскийга


Украинин президента Зеленский Владимира цхьа шо ах шо хьалха ша къинтIераваккхар тIечIагIдан деза, аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

"Хьайна хетачунна тIехь саца а сецна, айхьа со къинтIераваккхар тIечIагдан дезар ду хьан. Иза ахь ца дацахь, жоп дала дезар ду суна хьалха, дезар дац республикан куьйгалхочунна хьалха санна, айхьа иэс сийсаздинчу Нохчийн Республикан Хьалхарчу президентан, Оьрсийчоьнан турпалан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин кIантанна хьалха санна дала дезар ду", - яздина украинахойн лидере, массех шо хьалха цо, самукъане шоу кечъеш, интернете ша йиллина хиллачу видеона деношкахь йина комментари ца тайначу Кадыровс.

Цхьа шо ах шо хьалха Зеленскийс журналистанна Гордон Дмитрийна елла интервью ю юьйцург. ХIетахь церан къамелехь хьахаелира цхьа хан хьалха, Зеленский Владимир шоу-бизнесехь волуш яьккхина Ленинан хIоллам бохош гойту беламе видео. И хIоллам бохийча, «боьлху нах гойтуш», видеон декъатоьхна яра Кадыров Ахьмад дагалоцучу барамера видео-кийсак. Ишта нисдаларна Зеленскийс бехк тIеэцна, дехна нахе кIинтIерабовлар, яздира хIетахь Украинерчу прессо.

Кадыровс дина дIахьедар муха тIеэцна Украинан президента хууш дац цкъачунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG