ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь коронавирусах дийнахь-буса велла 6 вахархо, 371 - цомгуш хилла


6 стаг коронавирусах велла дийнахь-буса, 371 - цомгуш хилла, Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабан тIаьххьарчу хаамца.

Официалерчу статистикаца, дийнахь буса регионехь белларш бу: Дагестанера а, Краснодар-махкара а - шишша вахархо, ГIебарта-Балкхаройчуьра а, ГIалмакхойчоь – цхьацца. Верриг а пандемих велларг ву Къилбаседа Кавказехь, Оперативан штабан терахьашца, 919 стаг.

Дийнахь-буса а, юьхьанца дуьйна а Къилбаседа Кавказехь ун даьлларш:

  • Ставропол-мохк +123 (6889)
  • Краснодар-мохк + 75 (7190)
  • Дагестан + 43 (8778)
  • Кхарачой-Чергазийчоь + 27 (4212)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь + 20 (5791)
  • Адыгей + 20 (2364)
  • ГIалгIайчоь + 19 (3438)
  • ГIалмакхойчоь + 17 (2363)
  • Къилбаседа Х1ирийчоь + 16 (4353)
  • Нохчийчоь + 11 (1919)

47 181 стагах хькхаелла Къилбаседа Кавказехь ерриг а хенахь COVID-19. Ерриг а Оьрсийчохь - 771 546 стагах.

Федералан штабан информаци дукха хьолехь йогIуш ца хуьлу регионашкарчу терахьашца. Хьаькамаша иза дузу Москвахь а, меттигашкахь а цомгушнаш зер кеп-кепара дIахьош хиларца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG