ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь 5 стаг велла коронавирусах, 314 вахархо цомгуш хилла дийнахь-буса


Коронавирусан уьнах 5 дархо велла, 314 стагаца вирус къаьстина Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь а, буса а.

Эпидеми дIаса ца яржийта Iалашонца вовшахтоьхначу оперативан штабан зерашца, Ставрополан кIоштахь велла ши стаг, Дагестанехь а, Нохчийчохь а, Краснодаран махкахь а кхелхина цхьацца.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь ун даьржичхьана велла COVID-19 уьнах 919 вахархо.

Къаьсттина дукха бу ун даьлла нах Ставрополан кIоштахь – 101 стаг.

  • Ставрополан кIоштахь +101 (6 990 ву эпидеми яьржичхьана)
  • Краснодаран махкахь + 72 (7 262)
  • Дагестанехь + 41 (8 819)
  • Кхарачой-Чергазийчохь + 22 (4 234)
  • Адыгейхь + 20 (2 384)
  • ГIебарта-Балкхаройчохь + 16 (5 807)
  • Къилбаседа ХIирийчохь + 16 (4 369)
  • ГIалгIайчохь+ 10 (3 448)
  • ГIалмакхойчохь + 8 (2 371)
  • Нохчийчохь + 8 (1 927)

Верриг а Къилбаседа Кавказехь ун даьлла ву 47 495 пациент. Таханалерачу дийнахь Оперативан штабан информацица, йоллу Оьрсийчохь 777 486 стагаца къаьстина COVID-19 вирус.

  • ТIаьххьарчу шина кIиранчохь Ставрополан кIошт ю цомгаш нах дукха хиларца хьалхаяьлла. Дахначу кIиранах юьртабахаман министро хаамбира, зIакардаьхнийн фабрикан белхалошлахь эпидеми кхерстина аьлла. Кхул а хьалха ГIалмакхойчоь яра эпидеми яржарца йийцаяьккхина.
  • Регионалан зерашца цхьана ца догIу кест-кеста федералан штабо кхийкхош долу терахьаш. Ткъа штабо лечу нахах деш долу зераш лахара хуьлу Росстато а, регионаша а Iорадохучел а. Терахьаш дагардар кеп-кепарчу методикашца хиларна ду бохуш, дIахьедо хьаькамаша.

XS
SM
MD
LG