ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дембелан аккорд. Голышев Владимира дуьйцу Путина къайлаха дагалаьцначу хIуманех


Путин дуьххьара президент хIоьттича со вара "Завтра" (Кхане) газетан белхахо. Иза харжаро тхан бертахь йолчу коллективехь эккхийтира барт талхар а, малдалар а. Цхьана агIор Путин вара Ельцина шен метта хьаржинарг, вукха агIор, Чубайса ма аллара, "тахана Нохчийчохь юхаденлуш яра Оьрсийчоьнан арми". Къийсадалар дерзийра Проханов Александр Андреевича, "Нагахь Путин хьевахь, хIума тухур ю" цIе йолчу ша язйинчу колонкехь, яздо шен "Дембелан аккорд. Голышев Владимира дуьйцу Путина къайлаха дагалаьцначу хIуманех" материалехь Маршо Радион Оьрсийн сервисан авторо Голышев Владимира.

Кхоччуш кхетийра тхо Путинан патриотизм хиларх Александровн мукъамо. Амма дукха ца бийкира иза. ЧIагIдаланза хетачунна хьалхара тохар дара "Мир" (Машар) орбитера станци хIордана бухаяхийтар. Ткъа Нью-Йоркерчу дуьненаюкъарчу махбаран центран шина бIовна тIелатар динчул тIаьхьа помидорош кхоччуш мархалйелира. ТIаьххьара биллина тIадам хилира Вьетнамера Оьрсийчоьнан тIеман база а, Кубера радиоэлектронан центр а дIакъовла бина сацам.

Оьрсийчоьно дIа ца тесира и объекташ уггар халачу Ельцинан "халкъана дуьхьал долу" Iедал долчу хенахь а. Ткъа "патриото" Путина цхьана къолам хьакхарца яьккхира пачхьалкх шен глобалан амбицех, ткъа иштта Дуьненаюкъарчу космосан станцина "космосан говрашлоьхкурхойн тIегIане охьабехира Королёвн а, Гагаринан а кура тIаьхьалончаш"!

Каинан мухIар таIийна и меттиг дIаяккхалур яц Путинан хьаж тIера цхьана а риторике а, цхьана а "кхахь-кхахь дечу" искандерашца тIеман парадашка а. Реабилитаци ян цхьаъ бен некъ бац бисина – Оьрсийьнера айхьа дIадаьккхинарг юхадерзор. Хьалха иза далур доцу хIума ду моттара. Тахана иза хилаза ца долуш ду.

Гаванинан гергахь йолчу Лурдесе Оьрсийчоьнан говзанчаш юхаберзарх лаьцна дуьххьара дийца долийра 2014-чу шеран аьхка, Путин визитаца Кубе ваханчул тIаьхьа. Оцу деношкахь Оьрсийчоьно Кубина дитира 90% декхар ($32 млрд. гергга). Оцу ахчанах раиоэлекторанан центр аренде эца а, цуьнан хьашташ кхочуш дан а аьтто хир бу 100 гергга шарахь.

Иза иштта хиллехь а, Путин и хабарш официалан кепара харцдира: "Тхайн доттагIашца барт а бина, и центр дIакъевлира оха, тхан планаш яц цигахь болх юхадIаболо". Амма дIоггар тешош ца дийкира цо аьлларг.

Лурдесера радиоэлектронан центр башха объект ю. Америкехь хуьлчух 70 процент хаамаш лора цо. "Оцу коьртачу постера Советаш шайн тидамехь латтайо Американ коммерцин спутникаш а, эскархоша а, махбаран хIордакеманаша а латтон зIе а, ткъа иштта Канавералера NASA-н космосан программаш а. Лурдесехь Советийн ладогIа аьтто бу Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь телефонашкахула дечу къамелашка".

Иштта бийцара цуьнан аьттонаш Пачхьалкхан департаментан а, Американ тIеман министраллан а эксперташа 1985-чу шарахь. Флоридина 250 километр гергахь йолчу Лурдесе Оьрсийчоь юхаяро вуно луьра реакци йойтур яра Обаман администацега. Амма мила вара Оьрсийчоьнан эскархошна хӀумма а ца олуш цуьнах пайда эца иза кечъян новкъарло еш, Америкица юкъаметтигаш талхо цхьана а хIуманан аьтто а хир боцуш?

"Северный поток – 2" проектана тIаьххьара кхайкхийначу санкцеша гойту, вай хьевдда цу маьIаргона тIекхочуш хилар. Кхин вон хуьлийла а дац. Ткъа иза ду, театран эффектех пайда оьцуш хазахетачу Путина, шена луъучу хенахь шен цилиндр чуьра ерстина пхьагал хьалаяккха мега бохург.

Орбитехь йолчу станцица дерг кхин а атта ду. Цунах пайда эца билгалъяьккхина хан чекхйолуш ю 2024-чу шарахь. Оьрсийчоьнан сегмент чӀогӀа ю. Иза ша а болх балур болуш ю. Цул сов, кхушара Стигалкъекъа-баттахь Рогозин Дмитрийс хаам бира, Роскосмос урхаллина юкъайогIучу "Энергия" Ракетийн-космосан корпорацина хьалха хIинцале а декхар хIоттийна хиларх лаьцна, керла Оьрсийчоьнан орбитан станци кхоллар хьокъехь. Ойла ю 60 тонн йозалла йолу цуьнан 5 модул хилийта.

2024 шо тIекхачале Путин, гуш ду, ларор вац ша Iедале веанчхенахь ша дIасадекънарг дерриг а юхадерзо. Ткъа юхадерзо дезар ду. ТIаккха бен дайнарг доьрзур дац тактикан духадаларга.

Эххар а, 2001-чу шарахь Оьрсийчоьнан эскархоша йитина Вьетнамера хикеманаш лаьтта айма Камрань. Еххачу хенахь цуьнах пайда эца лаам болуш яра Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ, амма цуьнах гIуллакх ца хилира.

Ткъа деношкахь Sohu олучу Китайн порталехь хаам гучубелира, Оьрсийчоьнан эскархой Камране юхаберзар дийцаре дан мегар ду Оьрсийоьнан а, Вьетнаман а тIеман-техникан юкъаметтиг дӀакхехьаран дакъа санна аьлла.

Уггара дукха Оьрсийчоьнера, шайна юкъахь кхузаманахьлера кеманаш а, хибухула лела кеманаш а долуш, герз оьцучу пачхьалкхех ю Вьетнам. Еххачу ханна Камрань аренде ялар дика кеп ю миллиардаш долларшкахь йолчу контрактех мах дIабала.

Мел чIогIа Обама а, Керри а гIертарх, Американ аьтто ца белира, хилла тIом биц ца лочу цу махкарчу политикан элитина тIе догIанаш каро. Жигара кхуьуш йолчу Вьетнаман экономике Америко инвестицеш хьажор дукха ладам боцуш ду. Iаткъам бан кхин зеразакъаш яц Цхьаьнатоьхначу Штатийн. Ткъа оцу регионехь хьалхе лелочу пачхьалкхашна бахьанаш дац Оьрсийчоь цигахь хиларна дуьхьало ян.

Гарехь, кхузахь, Кубера радиоэлектронан центран санна коьрта фактор ю карарачу хенахь лаьтташ долу Оьрсийчоьнан а, Американ а юкъаметтигийн хьал. И юкъаметтигаш вон мел хуьлу алсам долуш ду Оьрсийчоьнан эскархой Камране юхаберза мегаш хилар.

Ерриг а пазлаш вовшах а хоьттина, ойла йича, гуш ериг ю хаза а, гIовгIане а дембелан аккорд. "Обнуление" аьлла Путинан даржехь хиларан хан юхайолоран къайле цуьнца йоьзна хила мегий-те? 2024 шо тIекхачале Путин, гуш ду, ларор вац Iедале веанчхенахь ша дIасадекънарг дерриг а юхадерзо. Ткъа юхадерзо дезар ду. ТIаккха бен дайнарг доьрзур дац тактикан духадаларга.

"Инжирера (комаран дитт) схьаэца тералла: цуьнан генаш кIадделла гIа даладоладелча, хаа ду аьхке герга хилар".

Космосан шортенехь Оьрсийоьнан керла орбитан станци болх бан йолаелча, ткъа кура Оьрсийчоьнан кхаа бесан байракх Кубина а, Вьетнамна а тIехула хьалаяхийтича, Путин дIагIур ву. Кхин хьалхе гIур вац.

Голышев Владимир – публицист а, драматург а

"Авторан бакъо" рубрикехь дийцинарг гойтуш ца хила а мега Маршо Радионна хетарг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG