ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

COVID-19 вирусах харц кехаташ кечдина клиника дIакъевлина Нохчийчохь


Иллюстративан сурт
Иллюстративан сурт

Коронавирус яц бохуш, харц докуметаш луш хилла клиника д1акъевлина Нохчийчохь, ницкъалийн струтктураша д1ахьош талламаш бу аьлла, хааме даьккхина нохчийн пачхьалкхан "Грозный" телеканало.

"Соьлж-Г1алахь болх бечуьра д1акъевлина коронавирусан ун дац а бохуш, харц тоьшаллаш-кехаташ луш хилла "Целитель" ц1е йолу медицинан центрехь. Шайна са а йоккхуш, цхьана а кепара беш талламаш а боцуш д1алуш хилла цигахь кехаташ", - аьлла бу хаам.

Соьлж-Г1алин мрин белхахочунна Зайнутдинов Ибрах1имна гучудаьлла, клиникехь бакъо йоцуш лелочух. Х1уммаъ хала дацара боху цо, оьшу кехат лоьрашкара даккха.

Цо дийцарехь, юьхьанца дуьхьал хиллера уьш, амма кхо т1едожжийна дехар дича, цхьана шина минотехь оьшу кехат делла хиллера Зайнутдиновна белхахочо, клиникан куьйгаллица дагаяьллачул т1аьхьа.

Центран директоро Асаева Раяс бехке хилар т1е ца дуьту, шен лабаранто бохучух ца кхеттера ша бохуш, билгалдоккху телеканалан сюжетехь.

Медицинан центр д1акъевлина, полисхоша беш талламаш бу, кхин а маса стагана харц кехат делла хилла, гучу а доккхуш.

Оршотан дийнахь оперативан штабо динчу зерашца, Нохчийчохь коронавирусан ун токхуш ву 1 927 пациент, т1аьххьарчу цхьана дийнахь а, буса а кхин 8 стаг т1екхетта царна. Г1оле хилла 1 307 стагана, велла 30 дархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG