ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадырова Iайшат "йоккхайоь" ша Америко "Iаьржачу тептаре" яккхарна


Кадырова Iайшат

Американ Цхьанатоьхнчу Штаташа оршотан дийнахь шена дуьхьал санкцеш яхарна дуьхьал жоп делла Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан йоIа Кадырова Iайшата инстаграмерчу аккаунтехь, яздо Фонтанка.ру ресурсо.

"Даим а, массо а хIумана тIехь сан дена тешаме гIоьнча хир ю со. Суна хетара, айса кIезиг лоцу гIо кхин башха хаалуш а дац, цундела ца моьттура хIордал а дехьарчу пачхьалкхехь а суо оццул гоьяьлла хир ю, сан цIе цхьана тептаршка а язъеш. Бакъду оцу цхьана факто кхин цкъа а тешам бели суна, ас мел дийриг нийса хиларан!", - яздина Кадыровас.

Карладоккху, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан йоккхаха йолчу йоIа Кадырова Iайшата куьйгалла дечу Firdaws брендан 10 шо кхачарна лерина духарийн гайтам дIабаьхьира Францехь. Чиллан-беттан 23-хь Парижерчу Le Marois хьешан цIийнехь гайтира "Безаман истори" цIе йолу духаран керла коллекци

Ткъа Францера Iайшат юхайирзинчул тIаьхьа цунна мидал елира "Нохчийн Республикана хьалха хьуьнарш гайтарна" аьлла. И совгIат цунна Зазадоккху-беттан 8-хь дIаделира Кадыровн администрацин куьйгалхочо Закриев ИбраьхIима. Болчу хаамца, Закриев ИбраьхIим Кадыровн йишин кIант ву.

Маршо Радиос яздира оршотан сарахь, Iазапаш лелорна а, кхел йоцуш нах байъарна а, кхиндолчу бакъонаш йохорца а доьзна, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна дуьхьал керла санкцеш яхарх Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаменто.

"Иттех шераш хьалха Кадыровс адамийн бакъонаш масийттазза шога йохийна, иштта, къизаллаш лелорах а, кхел йоцуш нах байарх а жоьпалла цунна тIехь хиларх билггал бакъйолу информаци ю департаментехь", - аьллачу Пачхьалкхан секретаран Помпео Майкан дешнаш далийна урхаллан пресс-гIуллакххоша оршотан дийнахь.

Билгаладоккху, санкцеш цуьнан хIусамненах Кадырова Медних а, цуьнан йоьIарех Iайшатех а, Каринех а(Хадижат) хьакхалуш хилар.

Кхечу пачхьалкхашка а кхайкхам бина Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа цу кеппара билгалбаьхначу КадыровгIеран доьзалерчу нахана духьал санкцеш яха аьлла.

Телеграм-каналехь бегашца комментари йитина Кадыровс: "Помпео, оха тIом тIелоцу! Кхин дIа кхин а интересе хир ду" аьлла.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG