ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьненчохь коронавирусан ун даьллачийн терахь 14,7 миллионе гIоьртина


Дуьненахь коронавирусан ун даьллачу нехан терахь 14,7 миллионе гIоьртина. ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а 230 эзар стаг тIекхетта вирус йолуш. Пандеми яьржичхьана кхелхина цунах 609 806 дархо. 8,2 миллион сов стагана дарба хилла. ХIопкинс Джонан Университетан проекто далийна цу кепара зераш.

COVID-19 вирусо зен динчу пачхьалкхашлахь ю Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ (3,8 миллин ву ун даьлла). ШолгIачу могIарехь язйина ю Бразили (2,1 миллион стаг), кхоалгIа меттиг дIалоцу ХIиндойчоьно (1,1 миллион). 373,6 эзар ун даьлла стаг волчу Къилбаседа-Африкан Республикел а хьалха ю Оьрсийчоь (776,2 эзар).

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Оьрсийчохь 5940 вахархочуьнца къаьстина коронавирус. Верриг а 777 486 пациент ву инфекцица пачхьалкхехь. Царех 553 эзар пациентана гIоле хилла, 12 427 ву кхелхинарг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG