ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь коронавирусах 3 стаг велла тIаьххьарчу буса, 332 стагана ун даьлла


Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь а, буса а кхо стаг велла коронавирусан инфекцех, 332 стагаца къастина лазар. Цамгарца яржийта Iалашонца вовшахтоьхначу оперативан штабан зерашца, Ставрополан кIоштахь а, Дагестанехь а, Краснодаран махкахь аа цхьацца велла.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирус яьржичхьана кхелхина 922 стаг. Къаьсттина дукха бу ун даьлла нах Ставрополан кIоштахь 109:

  • Ставрополан кIоштахь +109 (7 099 ву эпидеми яьржичхьана)
  • Краснодаран махкахь + 78 (7 340)
  • Дагестанехь + 41 (8 860)
  • Адыгейхь + 27 (2 411)
  • Кхарачой Чергазийчохь + 25 (4 259)
  • ГIебарта-Балкхаройчохь + 16 (5 823)
  • Къилбаседа ХIирийчохь + 15 (4 384)
  • ГIалгIайчохь + 11 (3 459)
  • Нохчийчохь + 10 (1 937)
  • ГIалмакхойчохь + 0 (2 371)

Верриг а Къилбаседа Кавказехь 47 827 вахархо ву COVID-19 вирус кхетта. Оперативан штабан зерашца, йоллу Оьрсийчохь шинарин дийнахь еллачу статистикаца 783 328 стаг ву коронавирусаца.

Федералан штабан информаци дукха хьолехь йогIуш ца хуьлу регионашкарчу терахьашца. Хьаькамаша иза дузу Москвахь а, меттигашкахь а цомгушнаш зер кеп-кепара дIахьош хиларца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG