ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровна а, цуьнан доьзална а - санкцеш. ХIинца 10 "кадыровхо" ву Американ таIзарна кIел


«Адамийн бакъонаш луьра хьешарна» Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто рогIера санкцеш дуьхьалъяьхна Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна.

"10 шарал а сов хенахь дуккха а адамийн бакъонаш луьра хьешарна, Iазап латторна, еш кхел ел а йоцуш, нах байъарна Кадыров жоьпаллехь хилар гойту бакъ информаци ю Департаментан долахь", - боху Американ Цхьанатоьхначу Шатийн пачхьалкхан секретаран Помпео Майкан дIахьедаро.

Санкцеш хьовсийна Кадыровн зудчунна Меднина а, шина йоIанна – Iайшатна а, Хадижатна а – дуьхьал. Царна а доьхку Американ Штаташка бахка – Пачхьалкхан департаменто бахарехь, цуьнгахь информаци ю уьш адамийн бакъонаш йохочу некъахь хиларх, " шаьш я шайн гонашца уьш боккхачу барамехь коррупцин декъабахана хиларх ".

Вашингтоно шеца гергарлонехь йолу кхин пачхьалкхаш а кхойкху Кадыровна дуьхьал, ша санна, бекхаман гIулчаш яха. Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа дуьххьара тухуш яц санкцеш Кадыровна – 2017 шо доьрзуш Штатийн финансийн министралло ваьккхира иза а, цуьнан гонера массех стаг а шен санкцийн тептара.

«Боьршаллах боьхна» нах махкахула схьа а лехьош, уьш Iазапехь бахкорна бехкевира хIетахь Нохчийчоьнан куьйгалхо а, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллера массех хьаькам а. "ЦхьамогIа пачхьалкхашка а санна, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташка а сагатдойту Кадыровс низамаш талхош хиларх болчу хаамаша – цо нахана хьалха, ша-шеггара зуламаш деш хиларо", - бохура арахьарчу гIуллакхийн министраллин декхарш кхочушдеш йолчу Пачхьалкхан департаменто хIетахь.

Парижехь кучамаш гойтуш ю Firdaws хIусаман директор Кадырова Iайшат
Парижехь кучамаш гойтуш ю Firdaws хIусаман директор Кадырова Iайшат

Кадыровхоша "боьрша боцу" нах хIаллакбарх лаьцна баьржа хаамаш талла «Москван мехнизм» олучу кепехь (бухарчу Iедалан векалш декъахь а боцуш) журналистийн бакъоларъярхойн дуьненаюкъара тоба кхуллийла лиира Штаташна а, кхин а 15 пачхьалкханна а. Амма ца дира, сихха вовшах а кхетта, Нохчийчу яхначу оцу тобано кхачамболлуш я зераш а, я жамI а.

ХIинца кхайкхийначу санкцеша Кадыров Рамзан бехкево кхин а цхьана зуламна – Нохчийчухула коронавирус яржарх долу бакъдерг дуьззина гайта гIертачу журналисташна кхерамаш тийсарна.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто рогIера санкцеш кхайкхор шен амалехь тIеэцна Кадыровс: телеграм-канале, деза герзаш кара а эцна, шен сурт хIоттийна цо, буха яздина: "Помпео, оха тIеоьцу тIом! КхидIа вуно самукъане хир ду! "

"Изза жоп дала [Американа – ред.] хала хир ду, цхьаъ дер-кха", - яздина шен ФеIсбук-агIонехь Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министран векала Захарова Марияс.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто санкцеш кхайкхорна бухахь ду Кадыровс дукха хенахь дуьйна лелош дерг, аьлла Би-Би-Си корпорацица къамел деш Пачхьалкхан департаментан демократин, адамийн бакъонийн, къинхьегаман бюрон векала Базби Скотта.

РогIерчу санкцийн декъа язбина Штаташа Кадыров Рамзанан гергарнаш а. Кхийолу пачхьалкхаш яц Нохчийчоьнан куьйгалхочунна духьал рогIера санкцеш кхайкхо декхаре, амма цаьрца "диалог ю дIахьош", хаам бина Базбис.

Кадыровца цхьаьна 10 нохчо ву хIинца Американ а, Европан а санкцийн тептаршкахь.

Богатырев Леча (Австрехь Исраилов Iумар – Кадыровн салардархо – вуьйш дакъалаьцна хиларх шеко йолуш).

Дукузов Казбек (Forbes журналан коьрта редактор Хлебников Пол вийначаьрца хиларх шеко йолуш).

Даудов Мохьмад («Лорд»), Нохчийчоьнан парламентан спикер а, Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министр Алаудинов Апти а «тептара» ваьккхира Штаташа 2014 шо довш. Хаийтина дац и шиъ санкцешна кIел стенна вигина, ткъа девзаш ду Нохчийчохь, масала, шена тIехь кхел ечу муьрехь Кавказан къаьмнийн ассамблеян лидеро Кутаев Руслана оцу шимма шена йиттина хиларх дина тоьшалла.

2017-чу шарахь санкцийн таптаре цхьаьна язвира Кадыров а, хIетахьлера Устрада-ГIаларчу полицин буьйранча Катаев Аюб а.

Делимханов Адам, Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думин депутат ву 2014-чу шеран аьхка дуьйна «дуьненаюкъарчу мафица зIенашкахь хиларна» цIе йолчу Американ санкцийн тептара язвина.

ХIинца экономикан санкцийн тептара язйина Кадырова Медни а, Кадырова Iайшат а, Кадырова Хадижат а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG