ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Йоккха ши топ а карахь Кадыровс зорбане даьккхинчу суьртах лаьцна комментари йитина Песковс


Оьрсийчоьнан бахархойн бакъо ю герз лело а, Iалашдан а. Де хьалха шиъ йоккха топ а карахь, Нохчийчоьнан куьйгалхочо зорбане даьккхинчу суртах лаьцна, цу кепара комментари йитина Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс.

"Нагахь санна, низамашца а догIуш, хьан герз а делахь, иза цIартIе а даьккхина, лело а, латтон а бакъо елахь, кхузахь цхьа а проблема яц", - аьлла, журналисташка дIахьединчу Песковн дешнаш далийна "Интерфакс" агенталло.

Иштта билгалдаьккхина Песковс, "бен дац, хьо могIарера вахархо велахь а, губернатор я президент хилахь а" аьлла.

Де хьалха Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаменто керла санкцеш кхайкхийра Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна дуьхьал, цо махкахь лелон харцонаш бахьана долуш. Иштта санкцеш хьакхало аьллера цара, цуьнан хIусамненах а, йоккхахайолчу шина йоIах: Iайштах а, Каринех а.

Шен телеграм-каналехь Кадыровс йоккха ши топ карахь а йолуш даьккхина шен сурт хIоттийнера: "Помпео, оха тIом тIелоцу!", - аьлла.

Кхечу пачхьалкхашка а кхайкхам бина Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа цу кеппара билгалбаьхначу КадыровгIеран доьзалерчу нахана духьал санкцеш яха аьлла.

2017-чу шарахь Американ финансийн министралло Нохчийчоьнан куьйгалхо санкцийн "Магнитскийн тептаре" ваьккхинера. Иза бехкевира кхел а йоцуш нах байъарна а, къизаллаш лелорна а, дуьненаюкъахь лелаш йолу адамийн бакъонаш йохорна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG