ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн цIарах мидалш еш 10 миллион сом дойур ду Нохчийчоьнан Iедало


Кадыров Ахьмад
Кадыров Ахьмад

Кадыров Ахьмадан цIарах мидалш а, орденаш а йойтуш 10 миллион сом гергга ахча дайъа лерина бу Нохчийчоьнан Iедалхой. Оццул ахча хьажийна республикан министрийн кабинето 30 совгIатан комплект эцийта. Iедалан цIарах оьшург эца мах кхайкхочу порталехь карийна цу тайпа тендер "МБХ медиа" интернет-гIирсоана,яздо "Эхо Москвы" радиостанцис. Документаш тIехь билгалдаккхарца, орденаш а, мидалш а уггар а цIеначу дешех йина хила езаш ю, изумрудашца а, алмазашца а, рубинашца а кечйина.

Дагадоуьйту, стохка Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарх 20 орден а, мидал а еш 4,6 миллион сом дойур ду Нохчийчуьрчу Iедало аьлла яра информаци. Цу хаамца, "Кадыров Ахьмад-Хьаьжин безамна" 10 мидал йийр ю 750 проба йолчу дешех. Уьш кечйина хир йолуш яра 54 изумрудца, 18 бриллиантца а, 36 рубинца а.​

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG