ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан муфтиято Американ пачхьалкхан департамент "террорхойн организаци" ю аьлла


Кадыров Рамзан а, Межиев Салахь а, Даудов Мохьмад а
Кадыров Рамзан а, Межиев Салахь а, Даудов Мохьмад а

Кадыров Рамзанан а, цуьнан доьзалхой а Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа санкцийн тептаре баьхначул тIаьхьа Нохчийчуьрчу Динан урхалло Пачхьалкхан департамент бехкейина "террорхойн организацешна тIехIоттарна". Цу кепара дIахьедар зорбане даьккхина цара, муфтиятан инстаграмерчу официалан аккаунтехь.

"Динан урхаллан векалша билгалдоккху, шайна билггал хууш хиларх, оцу массо а харц демократаша нохчийн лаьтта тIехь зуламаш лелийна террорхой бакъбар", - аьлла ду муфтиятан кхайкхамехь яздина. Урхаллехь болчарна хетарехь, "Исламна а, доллу нохчийн къомана а дуьхьал яьхна ю Америкас санкцеш"

Церан хьажамца, Кадыровс а, цуьнан дас а "Iалашйина нохчийн къоман хьоьшуш хилла бакъонаш, Нохчийчоьнан Республикан дозана тIехь адамийн конституцин бакъонаш Iалашъяр а юхаметтахIоттийна", иштта тIеман-политикан кризисера яьккхина Нохчийчоь.

Дахначу оршотан сарахь, Iазапаш лелорна а, кхел йоцуш нах байъарна а, кхиндолчу бакъонаш йохорца а доьзна, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна дуьхьал керла санкцеш яхарх Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаменто.

"Иттех шераш хьалха Кадыровс адамийн бакъонаш масийттазза шога йохийна, иштта, къизаллаш лелорах а, кхел йоцуш нах байарх а жоьпалла цунна тIехь хиларх билггал бакъйолу информаци ю департаментехь", - аьллачу Пачхьалкхан секретаран Помпео Майкан дешнаш далийна урхаллан пресс-гIуллакххоша оршотан дийнахь.

Билгаладоккху, санкцеш цуьнан хIусамненах Кадырова Медних а, цуьнан йоьIарех Iайшатех а, Каринех а(Хадижат) хьакхалуш хилар.

Кхечу пачхьалкхашка а кхайкхам бина Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа цу кеппара билгалбаьхначу КадыровгIеран доьзалерчу нахана духьал санкцеш яха аьлла.

Телеграм-каналехь бегашца комментари йитина Кадыровс: "Помпео, оха тIом тIелоцу! Кхин дIа кхин а интересе хир ду" аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG