ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дийнахь а, буса а коронавирусах 8 стаг велла, 368 цомгуш хилла Къилбаседа Кавказехь


Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь а, буса динчу зерашца, бархI пациент велла коронавирусан уьнах, цомгашчарна тIекхетта кхин а 368 стаг. Эпидеми дIаса ца яржийта вовшахтоьхначу Оперативан штабо хаамбарца, Ставрополан кIоштахь велла кхо стаг, Дагестанехь шиъ, Краснодаран махкахь а, Адыгейхь а, ГIалгIайчохь а цхьацца кхелхина.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь велла пандеми яьржичхьана COVID-19 вирусах 930 дархо.

Къаьсттина дукха бу ун даьлларш Ставрополан кIоштахь - 96 стаг:

  • Ставрополан махкхаь + 96 (7 195 ву эпидеми яьржичхьана)
  • Краснодаран кIоштахь + 83 (7 423)
  • Дагестанехь + 41 (8 90I)
  • ГIалмакхойчохь + 34 (2 405)
  • Адыгейхь + 25 (2 436)
  • Кхарачой-Чергазийчохь + 24 (4 283)
  • ГIалгIайчохь+ 22 (3 481)
  • ГIебарта-Балкхаройчохь + 16 (5 839)
  • Къилбаседа ХIирийчохь + 15 (4 399)
  • Нохчийчохь + 12 (1 949)

Къилбаседа Кавказехь юьхьанца дуьйна цомгаш вара 48 195 вахархо. Ткъа ерриг а Оьрсийчохь Товбеца-беттан 22-чу денна Оперативан штабо гойтучу статистикаца а догIуш, коронавирусах цомгуш хиллачу адамийн барам кхаьчна 789 190 -нне.

Федералан штабан информаци дукха хьолехь йогIуш ца хуьлу регионашкарчу терахьашца. Хьаькамаша иза дузу Москвахь а, меттигашкахь а цомгушнаш зер кеп-кепара дIахьош хиларца.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG