ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эльджаркиевна кIелоярца доьзна Талламан комитето терроризмах гIуллакх додийна


Эльджаркиев ИбрахIим

Стохка Дечкен-баттахь ГIалгIайчоьнан экстремизмана дуьхьало латточу Центран (ЦПЭ)куьйгалхчунна Эльджаркиев ИбрахIимна кIело ярца доьзна терроризмах зуламан гIуллакх долийна Талламан комитето.

"Оьрсийчоьнан Таламан комитето динчу зуламан хьокъехь бехкаш кхийдош ду Зуламан Кодексан 205-чу артиклехь ("Терроран акт") аьлла. Цхьаммо а хьалха дехкинчу а, хIинца керла дохкучу бехкашна а мукIарло деш дац, талламчашца юкъарло лелош дац", - яздо ТАСС агенталло шайн хьосташна тIетевжина.

Оцу юкъанна, агенталлан хьостано ца хаийтина, и зулам бахьана долуш керла дохкучу бехкех дерг..

  • Вежарий ЭльджаркиевгIар, ИбрахIим а, Iабдулахьмад а, вийра стохка Лахьан-беттан 2-чохь Москвахь герзаш диттина. Цул хьалха, Дечкен-баттахь ЦПЭ-н куьйгалхочунна кIело йинера.
  • Бахьана лерира ницкъахоша гIалгIайн "Э" Центран урхаллехь цо бен болх а, батIалхьажойн юкъараллан цхьахволу лидер Белхороев ИбрахIим верна а иза бехке хетарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG