ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Умаров Мамиханан гергарчара шайна тIелаьцна иза вер


Умаров Мамиханан гергара нах. Видео юкъара скриншот
Умаров Мамиханан гергара нах. Видео юкъара скриншот

Австрехь вехаш хилла Умаров Мамихан (Венера Анзор) аьлча, дика вевзаш хилла нохчийн политикан эмигрант верна бехке шаьш ду аьлла, дIахьедина Мескер-Юьртарчу цуьнан гергара ду шаьш аьллачу наха. Нохчийчоьнан куьйгалхочунна критика еш леллачун гергарчара зуламна бехке ду шаьш аьлла, видео кхайкхам дIаязбина. Социалан машанашкахь а, мессенджерашкахь а яржийна видео.

"Тхан цIийнах долу цхьа жIаьла дара Европе дIадахана, Умаров Анзор бохуш. Цуьнца йист яккхалц йоьхь яцара тхан гучудовла. Цуьнца зIе а тесна, иза сацон гIоьртира тхо. Сацахьара хьо, IадIахьара хьо, гIуллакх доцург а ма дийцахьара аьлча, цо тхоьга аьлларг хIун ду: Австрерчу Iедало а, къайлахчу сервисаша а ша ца вуьту, и дийца дезаш ву ша элира", - бохуш, чIагIдо Умаровн гергарчух цхьаммо.

Цо бахарехь, тIаккха УмаровгIар кхийтира, "иза хIуъа дина а сацон везаш хиларх".

"Оха сацийна иза, сацон ма везза сацийна а ву. Оцу Европехь бехк боцуш лецна нах бу, бехк боцуш йохуш цIераш ю. Динарг оха кхочушдина ду. Нах ма хьийзабе", - боху видео тIехь гергарчо.

Цунна тIетов гулебеллачех деваша ву ша аьлла Умаров Ваха а, ненаваша Усманов Iела а. "Тхо гулделла къоме дистхила а, мехкан куьйгалхо къинтIера ваккха а. Цо мел дина сийсаза къамелаш тхуна дуьхьал дина ду", - аьлла. тIетоьхна цара.

  • Венина гергахь коьртах герз тоьхна вийра Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан критик, "Венера Анзор" цIарца вевза Умаров Мамихан. Österreic газето бечу хаамца, зулам дина меттигерчу 19.30 хенаца "G3" олучу туьканна уллехь.
  • Шен YouTube агIонехь Умаровс яржайора Оьрсийчоьнан къайлаха ницкъаша Европерчу политикан эмигранташна, Ичкерин векалшна кIелонаш еш хиларх йолу информаци, шога критика йора Нохчийчоьнан таханлерчу куьйгалхошна.
  • Умаров Мамихан Австрехь вийна аьлла, шеконашца Нохчийчуьра схьаваьлла Ахтаев Сарали а, Магамадов Салман а лаьцна.
  • Европехь нохчий байъарна дуьхьал акци дIаяьхьира Венерчу Оьрсийчоьнан векалаллан гIишлона хьалха шинарин дийнахь. Иза хIотторан бахьана дара – нохчийн политикан мухIажар Умаров Мамихан вер.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG