ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Венехь вийначу Анзоран гергарчеран дIахьедар тергоне эцна Австрин полицино


Умаров Мамихан
Умаров Мамихан

Нохчийн политикан эмигрант Умаров Мамихан верах цуьнан гергарчара видео тIехь дина мукIарло гIуллакх толлучу заманчохь тидаме оьцур ду шаьш, аьлла Австрерчу талламчаша. "Фейсбукехь Iораяьккхинчу видеох талламчашна хууш ду. Немцойн матте гочйина иза. ГIуллакх луьстучу заманчохь цуьнах а пайдаоьцур бу", - аьлла Лахарчу Австрин полицин урхаллан векало Баумшлагер Йоханна аьлла хаам бо ТАСС агенталло.

Кхаарин дийнахь Венехь вийначу Умаров Мамиханан, Венера Анзор аьлча шуьйра вевзаш хиллачу политикан эмигрантан гергарчара иза вер шайна тIелецира. Шаьш дIаязйина видео социалан машанашкахь а, мессенджерашкахь а яржийна цара.

  • Венина гергахь коьртах герз тоьхна вийра карарчу беттан 4-чохь Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан критик, "Венера Анзор" цIарца вевза Умаров Мамихан.
  • Шен YouTube агIонехь Умаровс яржайора Оьрсийчоьнан къайлаха ницкъаша Европерчу политикан эмигранташна, Ичкерин векалшна кIелонаш еш хиларх йолу информаци, шога критика йора Нохчийчоьнан таханлерчу куьйгалхошна.
  • Умаров Мамихан Австрехь вийна аьлла, шеконашца Нохчийчуьра схьаваьлла Ахтаев Сарали а, Магамадов Салман а лаьцна.
  • Европехь нохчий байъарна дуьхьал акци дIаяьхьира Венерчу Оьрсийчоьнан векалаллан гIишлона хьалха шинарин дийнахь. Иза хIотторан бахьана дара – нохчийн политикан мухIажар Умаров Мамихан вер.
  • Австрехь Нохчийчоьнан вахархо верна, "Оьрсийчоьнна дуьхьал болх бен къайлаха сервисаш ю бехке" аьлла, дIахьедира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG