ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ставрополерчу набахтехь тутмакх вийна


Ставрополан кIоштан Кочубеевн кIоштарчу номер 1 йолчу колонехь 31 шо долу тутмакх вийна. Цуьнан цIе йоккхуш яц. Стаг верна хан токхуш вара иза.

"Стаг вийна таIзар токхуш хиллачу набахтерачу шина тутмакхан дов даьллера. Оцу конфликтехь цхьаммо шозза эчиган ирбина чIу тоьхна хилла шеца къуьйсучунна. Оцу меттигехь велла иза", - аьлла, хаам бина Кавказ.Реалиига Ставрополан кIоштарчу Талламан комитетан урхаллехь.

Стаг верна бехкевечу 39 шо долчу тутмакхана дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долийна. Талламан комитетехь дIахьедарца, цхьа могIа экспертизаш яр ду оцу зуламца доьзна дIахьош.

  • Мангал-баттахь номер 1 йолчу оцу колонин белхахочунна дуьхьал гIуллакх долийра, шена ахча а доккхуш, набахте чу мобилан телефонаш кхехьарна.
  • Стохка колонин кхин белхахо бехкевира, кхаьънаш эцарна. Хенал а хьалха маьршабохуш гIо дийр ду бохуш а, колонехь эвсара хьелаш ша царна кхолларх а ахчанаш дохуш хиллера цо тутмакхашкара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG