ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах 6 стаг велла, 378 цомгуш хилла. Оьрсийчоьнан уьнна духьалоечу Оперативан штабо бечу хаамца, кхо вахархо велла Ставропол-махкахь, цхьацца кхелхина Дагестанехь а, Адыгейхь а, Краснодаран кIоштахь а.
Юьхьанца дуьйна Къилбаседа Кавказехь COVID-19 цамгарх велла 936 стаг.
Дийнахь-буса а коронавирусах цомгуш хилла дукха нах къаьстина Ставрополан кIоштахь- 125 стаг:
- Ставрополан кIоштахь + 125 (7 320 ву эпидеми яьржичхьана)
- Краснодар-махкахь + 85 (7 508)
- Дагестанехь + 40 (8 941)
- Адыгейхь + 34 (2 470)
- Кхарачой-Чергазийчохь + 27 (4 310)
- ГIалгIайчохь + 21 (3 502)
- ГIебарта-Балкхаройчохь + 16 (5 855)
- Къилбаседа ХIирийчохь + 16 (4 415)
- Нохчийчохь + 9 (1 958)
- ГIалмакхойчохь + 5 (2 410)
Официало бахарехь, 48 573 стагах хьакхаделла ун Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана схьа. Оьрсийчохь - 795 038 стагах.
Федералан штабан информаци дукха хьолехь йогIуш ца хуьлу регионашкарчу терахьашца. Хьаькамаша иза дузу Москвахь а, меттигашкахь а цомгушнаш зер кеп-кепара дIахьош хиларца.