ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьненчохь COVID-19 вирус кхеттачу нехан терахь 15 миллионал а совдаьлла


Дуьненчохь коронавирусах ун даьллачийн терахь 15 миллионал а совдаьлла. Эпидеми юкъаяьлчхьана 620 эзар пациент велла. COVID-19 вирус кхетта нах дукха хиларца хьалхарчу меттигехь ю Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ. Виъ миллионал а сов ву цигхь ун даьлла стаг. Кхелхина 145 эзар стаг.

ШолгIачу меттигехь Бразили ю, кхоалгIа позици дIалаьцна ХIиндойчоьно. 4-чу меттигехь ю Оьрсийчоь коронавирус хьакхаелла нах алсамхиларца.

Официалан зерашца, 800 эзаре гергга ду цигахь вирус кхеттачу нехан терахь. Пандемин муьрехь 6 эзар гергга велира цигахь. ТIаьххьарчу 24 сахьтехь дукха цомгаш нах тIекхетта ХIиндойчохь а(45, 5 эзар сов), Американ Штаташкахь а (37, 5 эзар).

Коронавирусах вакцина зийна шаьш адамашна тIехь аьттонца аьлла, дIахьедина масех пачхьалкхо, шайлахь Оьрсийчоь а йолуш. Делахь а, говзанчаша бахарехь, тIедогIучу шарахь бен йохка йолор яц препараташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG