ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Венера Анзор вийна аьлла, шеконашца лаьцнарг чохь вуьтур ву


Умаров Мамихан (Венера Анзор) верца доьзна лаьцна цхьаъ чохь сацош ву Марсхьокху-беттан 20-чу дийне кхаччалц. Оццу бехкана каравеана шолгIаниг хIинцале а хан токхуш ву ша динчу кхечу зуламна тIехула.

"Хетарехь, герз ца тухуш, уллохь лаьтташ хиллачу цхьаннан хан Марсхьокху-беттан 20-чу диаччалц яхйина. Ткъа шолгIаниг, Умаров вийна аьлла, шеконаш кхоллаелларг тIедогIучу шаре кхаччалц лаьцна вуьтур ву цхьа кхечу зуламна тIехула", -яздо "Новости" агенталло, Корнойбурган прокуратуран векална тIе а тевжаш.

Хьалхо Австрин полицино тидаме ийцира, вийначу Умаров Мамиханан гергарчара дина мукIарло. Иша верна шаьш ду бехке аьлла, дIахьедира Мескер-Юьртарчу цуьнан гергарчу наха.

  • Венина гергахь коьртах герз тоьхна вийра карарчу беттан 4-чохь Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан критик, "Венера Анзор" цIарца вевза Умаров Мамихан.
  • Шен YouTube агIонехь Умаровс яржайора Оьрсийчоьнан къайлаха ницкъаша Европерчу политикан эмигранташна, Ичкерин векалшна кIелонаш еш хиларх йолу информаци, шога критика йора Нохчийчоьнан таханлерчу куьйгалхошна.
  • Умаров Мамихан Австрехь вийна аьлла, шеконашца Нохчийчуьра схьаваьлла Ахтаев Сарали а, Магамадов Салман а лаьцна.
  • Европехь нохчий байъарна дуьхьал акци дIаяьхьира Венерчу Оьрсийчоьнан векалаллан гIишлона хьалха шинарин дийнахь. Иза хIотторан бахьана дара – нохчийн политикан мухIажар Умаров Мамихан вер.
  • Австрехь Нохчийчоьнан вахархо верна, "Оьрсийчоьнна дуьхьал болх бен къайлаха сервисаш ю бехке" аьлла, дIахьедира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG