Коронавирусан уьнах болчу нахана дарбадан Iалашонца йиллинчу Къилбаседа ХIирийчуьрчу дарбан хIусамашкахь эха шерачохь кхелхина 601 пациент. Карарчу шеран хьалхарчу кварталехь пехашка хи хIоьттина кхелхира 24 стаг, кхин а 577 стаг велира Охан-баттера Мангал-батте кхаччалц. 66 стеган билггал коронавирус хилар тIечIагIдинера тесташа. Пневмони лазар чIагIдаларца кхелхира дукхахберш.
Цу тайпа зераш далийна республикан могашаллин министралло. Доккхачу декъанна, пневмони къаьстира 8 465 стагаца. Царех ах нах дарбан хIусамашка охьабехкира.
- Де хьалха БуьритIерчу коьрта ковид-центр лоручу клиникехь дIахьедира, Къилбаседа ХIирийчохь коронавирусан инфекцица болчу нехан терахь лахлуш ду, амма кхуьуш ду чолхечу хьолехь пневмони токхуш болчу неханиг аьлла.
- Товбеца-Беттан 23-чохь могашаллин министралан статистикаца, республикерчу ковидан стационарашкахь дарба деш ву 248 стаг, царах 30 коронавирс хьакхаелла. Реанимацехь ву 29 дархо.