ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровх Оьрсийчоьнан эскаран инарла-майор вина Путина


Оьрсийчоьнан президентца хиллачу цхьанакхетарехь ву Кадыров Рамзан. Архивера сурт
Оьрсийчоьнан президентца хиллачу цхьанакхетарехь ву Кадыров Рамзан. Архивера сурт

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира Оьрсийчоьнан эскаран инарла-майор вина, кху деношкахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн керлачу санкцешна буха нисвеллачу Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна. Номер 478 йолу омрана куьйгъяздина президенто. Путина динчу совгIатах телефонехула хиллачу къамелехь хиира шена аьлла, хааме даьккхина Кадыровс. Хууш ма хиллара, Кадыров иштта ву полицин инарла-майор.

"Президенто ша документ дIа а дешна, декъалвира со. Беза мах хадор ду иза", - яздина Кадыровс шен "ВКонтактерчу" пена тIехь, ша "Путинан гIашсалти" хилар а, муьлххачу континентехь, муьлхха а цуьнан тIедиллар кхочушдан ша кийча хилар а билгалдоккхуш.

"И дерриг а кхочушдан тхан мел оьшург долуш ду - доьналла, хадамалла, кхачо йоллу кечам, техника, цхьаннен а хаттарш ца хилийта, федералан структураша делла герз а цхьаьна", - дIахьедина Кадыровс.

Маршо Радионо яздира, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа Кадыров Рамзанна а, цуьнан хIусамнанна Меднина а, шина йоIана - Iайшатна а, Каринина а дуьхьал санкцеш яхарх.

2004-чу шарахь Путина Оьрсийчоьнан Турпалхо вира Кадыровх. Иштта деза совгIаташ дира цунна, пачхьалкхана гергахь деза гIуллакхаш дарна а, кхачийра Сийлаллин а, Къонахаллин а мидалш а, орденаш а.

2017-чу шарахь Американ финансийн министралло "Магнитскийн тептаре" ваьккхира Нохчийчоьнан куьйгалхо. Иза бехкевира, кхел йоцуш нах хIаллакбарна а, Iазапаш лелорна а, иштта, дуьненаюкъахь лела адамийн бакъонаш хьешарна а. Цул тIаьхьа Инстаграмера цуьнан аккаунташ а дIакъевлира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG