ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Помпеона дуьхьал санкцеш яьхна Кадыровс


Американ Цхьаьнтоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретарна Помпео Майкана дуьхьал республикехь санкцеш яьхна ша, цуьнан ерриг а чоьташ дIа а къовлуш аьлла, дIакхайкхийна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цу кепарчу санкцешна юкъа вахийтира Вашингтоно хьалхо Кадыров а, цуьнан доьзалера цхьаболу нах а.

"Накъост Помпео ас хьошалгIа кхайкхинера. ХIинца шуна массарна а хозуьйтуш дIабоху, сан аьтто бац иза кхайкха. Сайн дешнаш юха а оьцуш, вайн республикехь мел йолу массо а кепара санкцеш йоху ас цунна дуьхьал, цуьнан чоьташ дIа а къовлуш", - дIахьедина Кадыровс Iедалхошца дIахьочу кхеташонехь. Иштта цо билгалдаьккхина, шен хIусамнана а, ши йоI а Iаьржачу тептаре яьккхина хилар а.

"Цхьана хIумана со бехке велахь а, нехан цIентIехь йолчу сан шина йоьIан хIун бехк бу, шайн дех цара стенна луш ду жоп? Сан цIийнаненан а хIун бехк бу? Цхьана а хIумана юкъа а ца гIерташ, я политикехь а йоцуш, шен чохь Iаш йолу?", - бохуш, хеттаршка вуьйлу Нохчийчоьнан куьйгалхо.

Иштта Кадыровс аьлла, шегахь Украинин къайлахчу сервисашкара кхаьчна "бакъйолу информаци" хиларх, Помпеос вен кхайкхийна хиларх Флойд Джордж, президентан харжамашкахь Трамп Доналд эшийтархьама.

Дахначу оршотан сарахь, Iазапаш лелорна а, кхел йоцуш нах байъарна а, кхийолу адамийн бакъонаш йохорца а доьзна, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна дуьхьал керла санкцеш яхарх хаам бира Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаменто.

"Иттех шераш хьалха Кадыровс адамийн бакъонаш масийттаза шога йохийна, иштта, къизаллаш лелорах а, кхел йоцуш нах байарх а жоьпалла цунна тIехь хиларх билггал бакъйолу информаци ю департаментехь", - аьллачу Пачхьалкхан секретаран Помпео Майкан дешнаш далийна урхаллан пресс-гIуллакххоша оршотан дийнахь.

Билгаладоккху, санкцеш цуьнан хIусамненах Кадырова Медних а, цуьнан йоьIарех Iайшатех а, Каринех а(Хадижат) хьакхалуш хилар.

Кхечу пачхьалкхашка а кхайкхам бина Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа цу кеппара билгалбаьхначу КадыровгIеран доьзалерчу нахана духьал санкцеш яха аьлла.

Телеграм-каналехь бегашца комментари йитина Кадыровс: "Помпео, оха тIом тIелоцу! Кхин дIа кхин а самукъане хир ду" аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG