ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчочунна 10 шо кхайкхийна Венерчу кхело, Оьрсийчоьнан эскархошна тIелетарш дина аьлла


Нохчийчуьра 32 шо долу жимастаг зуламан гIуллакхашна бехкехилар тIечIагIдина еарин дийнахь Венерчу Лаьттан кхело. Цунна дуьхьалдаьккхина "Имарат Кавказ" тобанан могIаршкахь оьрсийн эскархошна тIелетарш кечдар, виъ салтий а вуьйш. Набахтехь даккха 10 шо хан кхайкхийна цунна. И хаам Iорабаьккхина Austria Presse Agentur (APA)хаамийн агенталло, кхелан информацина тIетевжина. Адвокаташ кхелан сацамна латкъамбан дагахь бу.

Австрин прокуратуро бехкаш дехкина кхеле хIоттийначунна, 2008 -чу шарера 2013-чу шаре кхаччалц террорхойн организацина юкъахь зуламаш дарна. Талламчаша бахарехь, оьрсийн эскархойн декъана тIелетта хилла иза 2014-чу шарахь, виъ оьрсийн эскархо а вуьйш. Оьрсийчохь а толлуш хилла оцу хьокъехь цуьнан гIуллакх, яздо APA агенталло.

Билгалдаьккхина, 32 шо долчу нохчочунна чевнаш йина хилар куьйгашна а, юьхьтIехь а, мина а иккхина 2013-чу шеран Гезгамашин-баттахь. Цуьнан гергарчара ГIалгIайчу валийна хиллера иза, цигара дIа къайлаха Австри дехьаваьккхинера. 2017-чу шеран Товбеца-баттахь шена тховкIело ехна хиллера цо Австрин Iедалшка. Умаров Докус буьйралла динчу террорхойн организацехь дакъалоцуш хилла иза еххачу заманчохь аьлла, шайга информаци кхаьчча, полисхоша лаьцна хиллера Нохчийчуьра вахархо, яздо Австрерчу хаамийн агенталло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG