ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровгахьа хIоттийначу флешмобе бертаза хьехархой ийзор бакъ ца до Iедалхоша


Соьлж-ГIалара "Ахмат Арена" стадион
Соьлж-ГIалара "Ахмат Арена" стадион

"Ахмат Арена" стадионехь Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанан гIо лоцуш хIоттийначу флешмобехь гулдалар хьехархошна тIедожийна бохуш, иноформаци яьржина социалан машанашкахь. Меттигерчу спортан министраллан инициатива хиллера иза, амма шаьш гунахь хилар бакъ ца до урхалло.

"Школийн куьйгалхой, телефонаш дIасаетта, кхана Ахмат-Аренехь шуьйра флешмоб ю дIахьош. Спортан министраллера зIене бевр бу шуьца, маца, мичахь, хIунда бохучунна шу тIаьхьакхион. Аудиона тIаьхьайогIу текста тIехь яздина ду дан дезачух. Дийнахь кхо сахьт даьлча массо стадиона хьалха хила везаш ву", -боху шен цIе ца йовзийтинчо аудио тIехь.

Цо иштта билгалдоккху. массо а масканаш йоьхна хила везаш хилар а, шайца хи а, "МыСемьяКРА" тIеяздина кехаташ хилийта аьлла.

"ХIора директоро жоп дала дезар ду флешмобех. Нагахь санна, адамаш тIетоьаш ца хилахь, цара шайна тIедиллинарг кхочуш ца дахь, жоп шуьгара доьхур ду", -аьлла ду хаам тIехь.

Оцу юкъанна спортан министралло тIе ца дуьту, инструкцеш шайгара ю бохург. Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь министраллан пресс-секретаро, "сов тIех фантастика" ю элира флешмоб, коронавирусан пандеми бахьана долуш тоьхначу дозанашна тIе а тоттуш.

"Тхо тхаьш а ду цецдевлла, оха цхьа а хаамаш баржийна бац. Фейк ю иза, тхуна дуьхьал болх бечу наха юкъаяьккхина. Пандемина юккъехула хIун флешмоб хир ю, адамаш вовшех къехкаш долчу муьрехь. Тхуна дагадеана хIума дац иза. Бакъ дац!", - аьлла министраллехь.

Кху деношкахь Нохчийчуьра пачхьалкхан хьукматийн белхахоша латкъамаш бинера, Америкас санкцеш кхайкхийначу Кадыровна тIехIуьттучу флешмобе кхайкхина ду шаьш бертаза аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG