ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь уьнах велла тIаьххьарчу дийнахь-бусий 10 стаг, ун даьлла ву - 410


ТIаьххьарчу баса, дийнахь Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 10 дархо, вирус къаьстина кхин а 410 стагаца. Ун ца даржийта вовшахтоьхначу Оперативан штабо дIахьедарца, Ставрополан кIоштахь кхоъ кхелхина, Дагестанехь а, ГIалмакхойчохь а шишша велла, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а цхьацца дIаваьлла.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь ун чудеачхьана велла COVID-19 вирусах 946 пациент

Къаьсттина дукха бу цомгаш нах Ставропол махкхахь- 131:
Ставропл махкахь + 131 (7 451 ву эпидеми гучуяьлчхьана)
Краснодаран кIоштахь + 90 (7 598)
Дагестанехь + 40 (8 981)
ГIалмакхойчохь + 29 (2 439)
ГIалгIайчохь + 27 (3 529)
Адыгейхь + 26 (2 496)
Кхарачой Чергазийчохь + 23 (4 333)
Къилбаседа ХIирийчохь + 16 (4 431)
ГIебарта Балкхаройчохь + 15 (5 870)
Нохчийчохь + 13 (1 971)

Верриг а Къилбаседа Кавказехь эпидеми яьржичхьана уьнах чекхваьлла 48 983 вахархо. Оперативан шатабан информацица, Оьрсийчохь тахана, 24-чу дийнахь динчу зерашца 800 849 стагаца къаьстина коронавирус.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG