ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москвахь герз диттина Галаев хьалхо доьшучуьра дIаваьккхина хилла


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Москвахь Ленинан проспектехь полисхошна тIе герз диттина ГIалгIайчуьра Галаев Ратмир, цо доьшучу меттигера дIаваьккхина хилла хьалхо, конфликт бахьанехь. Оьрсийчоьнан Талламан комитето дина цунах дIахьедар пIераскан дийнахь.

"Хеттарш динчу тешаша дийцарехь, схьаийна воцуш, амална чехка а волуш, хилла иза. ТIаьххьарчу шарахь цуьнан леларехь хийцамаш бара, даим а дов лоьхуш, лата лууш хуьлура иза боху. Хьалхо ша доьшучу меттигера а дIаваьккхина хиллера иза оцу бахьанашца. Наркотикаш оьзна а, къаьркъа мелла а гора шайна боху цуьнца цхьана дешначу бераша", - дийцина ТАСС агенталлана еллачу интервьюхь Москварчу Талламан комитетан Коьртачу урхаллан куьйгалхочо Стрижов Андрейс.

Цо дийцарехь, Галаевс дешначуьра а, иза ваьхначу меттигашкара а цунах лаьцна информаци ехна цара, иштта медицинан документаш а цхьана. И дерриге а оьшуш ду талламчашна, Галаев вовза а, веллачул тIаьхьа психологин-психиатрин экспертиза ян а боху хьаькамо.

  • Москвахь динчу тIелатарехь байначу беттан 15-чохь делкъал тIаьхьа лазийра ГИБДД-н ши полисхо. Некъан низам дохийна такси сацийна, машенлелорхочунна гIуда тоьхна, протокол хIотточу заманчохь машенна герга а веана, герзаш диттинера зуламхочо.
  • Цхьа могIа хаамийн гIирсаша Iораяьккхира жимчу стеган цIе - ГIалгIайчуьра схьаваьлла 24 шо долу Галаев Ратмир ву иза аьлла.
  • "Интерфаксан" хаа таро хиллира кIентан гергарчу нахах. Мацах ГIалгIайчуьрчу Госнаркоконтролан оперативан декъан хиллачу куьйгалхочун, иштта оццу хьукматан урхалла динчун кIант ву боху Галаев. Цул совнаха, Галаевн ваша ГIалгIайчуьрчу полицин белхахо а ву. ГалаевгIеран вежарий бехачу Карабулакерчу а, Эккажакъонгий-Юртарчу а шина цIийнах хьовса бахана а хилла ницкъаллийн структурийн белхахой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG