ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанерчу журналистана юьйр ю аьлла, кхерамаш тийсина


Журналист Анохина Светлана
Журналист Анохина Светлана

"Даптар" порталан коьртачу редакторна Анохина Светланина юьйр ю аьлла, кхерамаш тийсина. Кавказ.Реалиига бина цо и хаам. Журналисто дийцарехь, дахначу кхаарин дийнахь Умаханов Далгат ву ша аьллачу стага телефон тоьхна хилла цуьнга, "массо а феминисташца йист яккха аьлла, тIедиллина" шена аьлла. Шеца цхьанакхета аьлла, Анохинас дехар дича, ша юьйр ю хьо аьлла цуьнга зIене ваьллачо.

Полицига дIахаийтина журналисто, иштта шаьшиннан хиллачу къамелан аудио дIакхачийна мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министралле. Информаци чукхаьчна шайга, талламш болийна аьлла Кавказ.Реалиига министраллехь.

Дагестанера журналист ю Анохина Светлана. Иштта Кавказерчу зударийн декъах яздечу "Даптар" порталан коьрта редактор ю иза, Махачкалан бахархойх лаьцна "Иштта гIала яра" (Был такой город) проектан автор а ю иза, "ГIала тхан ю" ("Город наш") боламан жигархо а ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG