Къилбаседанерчу тIеман кхело набахтехь даккха ши шо хан кхайкхийна Нохчийчуьрчу яхархочунна Ящуркаева Меднина, цо Интернетехь терроризман кхайкхамаш беш йозанаш а, суьрташ а, видеош а яржийна аьлла.
Талламчийн версица, 2018-чу шеран Дечкен-баттера схьа дуьйна 2019-чу шеран Чиллан-батте кхаччалц 29 шо долчу Ящуркаевас шен мобилан телефона тIера 1220 стаг юкъахь волчу цхьана каналан мессенджерехь тексташ а, суьрташ а, видеороликаш а зорбане яьхна.
"Террорхой некъ бакъбеш, терроризмана пропаганда еш" чулацам лерина таллачаша оцу материалашкахь.
Дахначу пIераскан дийнахь кхело бекх тIе а чIагIбина, набахтехь даккха ши шо хан кхайкхийна Ящуркаева Меднина. Иштта цунна дихкина шина шарахь сайташ лело а аьлла, дийцина "Кавказский узел" агенталле Къилбаседанерчу тIеман кхелан белхахочо.
Дийцарехь, пхеа беран нана Ящуркаева Медни Соьлж-ГIалахь ехаш хилла, цхьанхьа а балхахь а йоцуш.