ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Америкехь юха а даьржаш го коронавирусан ун, Европа а ю сингаттамехь


Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь коронавирусан инфекцин ун кхин тIе а чIагIдалар билгалдаьлла. Эпидемино хьал лагIделла ца гойту: Америкехь вирусаца ву 4,1 миллион вахархо. Кхечу мехкашкахьчул а лакхара гойту цигара терахь. Эзар сов стаг ву Цхьаьнатоьхначу Штататшкахь дийнахь-буса леш, верриг а кхелхинарг ву цигахь 145 эзар сов.

Иштта хьал чолхе лаьтташ ду Флоридехь а, Техасехь а, Калифорнехь а, кхинйолчу Къилбаседанерчу а, Малхбузерчу а штаташкахь а цхьана.

Коронавирусаца къийсам латточу КIайчу цIийнан белхан тобан координаторо Биркс Деборас дIахьедина, къилбаседанерчу штаташкахь карзахъяьлла вирус юха а яржа тарло, хьалхо эпидемин хьал лахдан ницкъ кхаьчначу къилбаседанерчу штаташкахь цхьана аьлла. Экономикана бен ницкъ базбо пандемино. Дахначу кIиранах Конгрессан а, КIайчу цIийнан а барт ца хилла, COVID-19 вирусана дуьхьало ярна керла низаман проект тIеэцарехь.

Атлантикан вукху агIор йолчу Европан дуккха а пачхьалкхашкахь а даьржина ун, инфекцино латтон кхерам бахьана долуш дIасалеларна дозанаш тоха дагахь бу цигара Iедалхой а.

Байначу беттан юккъехь Европерчу мехкаша дозанаш схьаделла долийра, шайн туристикан индустрина жимма гIо дан а, экономика юхайолон а Iалашонца. Масех баттахь лаьттинчу карантинера бевлла дуккха а нах бан болх боцуш биссинера.

Кхечу пачхьалкхашка садаIа бахначуьра юхабогIучу нахехула инфекци ца яржийтархьама Германи а, Франци а, Австри а, кхинйолу пачхьалкхаш а цхьацца кепара некъаш лоьхуш бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG