ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь 9 стаг велла, 408 вахархо цомгуш хилла коронавирусах тIаьххьарчу дийнахь-буса


Къилбаседа Кавказехь, тIаьххьарчу хаамашца, коронавирусан уьнах кхелхина исс дархо, вирус къаьстина 408 вахархочуьнца. Эпидем ца яржийта вовшахтоьхначу Оперативан штабан зерашца, Дагестанехь велла кхоъ, Краснодаран а, Ставрополан а кIошташкахь шишша велла, ГIебарта-Балкхаройчохь а, ГIалмакхойчохь а цхьацца кхелхина.

Юьхьанца дуьйна COVID-19 уьнах дIаваьлла 955 стаг. Ставрополан кIоштахь бу къаьсттина дукха ун даьлла нах - 118 стаг:

Ставропол махкахь + 118 (7 569 ву эпидеми яьржичхьана)
Краснодаран кIоштахьт + 92 (7 690)
Дагестанехь + 40 (9 021)
ГIалмакхойчохь + 37 (2476)
Адыгейхь + 34 (2 530)
Кхарачой Чергазийчохь+ 21 (4 354)
ГIалгIайчохь + 20 (3 549) ​
Къилбаседа -ХIирийчохь+ 17 (4 448)
ГIебарта-Балкхаройчохь+ 15 (5 885)
Нохчийчохь + 14 (1 985)

Ун даьржичхьана Къилбаседа Кавказехь цомгаш хилла 49 391 стаг.
Йоллу Оьрсийчохь ву, Оперативан штабан статистикаца, 806 720 дархо.
ТIаьххьарчу кхаа кIиранчохь Ставрополан мохк бу хьалхара коронавирусан уьнах болу нах дукха хиларца.

Федералан штабан информаци дукха хьолехь йогIуш ца хуьлу регионашкарчу терахьашца. Хьаькамаша иза дузу Москвахь а, меттигашкахь а цомгушнаш зер кеп-кепара дIахьош хиларца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG