ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров: Нохчийчохь хIора а ву Американ санкцешна кIелваха хьаьгна


Ша а, шен кхо доьзалхо а юкъаязвинчу Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцийн тептарахь хила лууш бу махкара массо а бахархой, дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана "Россия-1" телеканалан "Вести"программин эфирехь Товбеца-беттан 26-чу дийнахь.

"Со мел гучара олу соьга: «Хьо а, хьан доьзал а [Американ Цхьаьанатоьхначу Штатийн санкцийн] тептарахь белахь, оццу тептарахь ду тхо а». Нохчий а, Кадыров а кхерийна, боху. Тхуна лууш доцург тхоьга, кхера а дина, цхьаммо а дойтур дац", - аьлла регионан куьйгалхочо, яздо ТАСС агенталло.

Вашингтонна шена кхин дуккха а дехкарш дар магадо Кадыровс. "Ас доьху цаьрга, суна дуьхьал хIора дийнахь цхьацца санкци тохар… Дан хIума дацахь, етта уьш суна ", - аьлла цо.

  • Нахана тIехь Iазап латторна, еш кхел а йоцуш, бахархой хIаллакбарна, адамийн кхийолу бакъонаш талхорна Американ Цхьаьнатоьхначу Штататийн Пачхьалкхан департаменто керла санцеш яьхна Товбеца-беттан 20-чу дийнахь Кадыровна дуьхьал. Санкцин тептара язйина Нохчийчоьнан куьйгалхочун зуда Кадырова Медни а, ши йоI а - Iайшат а, Карина (Хадижат) а.
  • Кадыровна тоьхначу санкцешна дуьхьал шаьш флешмоб ян арадаьхна, аьлла, аьрзнаш дан долийра Нохчийчоьнан бюджетера алапа оьцучу наха. Кадыров хестор тIедожийна шайна, яздо социалан машанашкахь Нохчийчуьрчу бахархоша.
  • Товбецца-беттан 23-чохь Американ Штатийн Пачхьалкхан департаментан куьйгалхочунна Помпео Майкна дуьхьал "санкцеш" а кхайкхош, цуьнан «Нохчийчуьрчу банкашкахь лела ахча сацийра» Кадыровс. Ша хьалха иза хьошалгIа кхайкхинера, амма хIинца ца кхойкху, аьлла Кадыровс.
  • Нохчийчоьнан муфтиято Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санцешна дуьхьал жоп луш, «террорхо №I» аьлла Пачхьалкхан департаментах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG