Австрехь вийначу мухIажиран Умаров Мамиханан (Анзоран) нанас а, йишас а динчу къамелан видео лела социалан машанашкахула а, мессенджерашкахула а. Зударша бакъ ца до, шайна цхьана ницкъаша тIеIаткъам бо, аьлла даьржийна къамелаш.
Видео йолош вистхуьлу ша Умаровн шича ву боху стаг. Цо йовзуьйту шена уллера ши зуда – Венехь вийначун нана а, йиша а.
Йишас дийцарехь, 2004-чу шарахь даймахкара дIавахана Мамихан, ша зуда ялийча, хадийна гергарчаьрца хилла зIе. Умаровга шен нанна гIо а ца дайтора зудчо, боху цо.
РогIехь йистхуьлучу Умаровн нанас бахарехь, Iедалхой баьхкина лелла цаьрга, амма цхьа а зене хIума ца дина, Мамихан веха меттиг хеттар доцург. Цо а чIагIдо, шен воI Нохчийчуьрчу Iедална дуьхьал лен марзвинарг а, иза гергарчех хервинарг а цуьнан зуда яра, бохуш.
- Хьалхо Маршо Радиона ша еллачу интервьюхь вийначу Умаровн зудчо Умарова Заремас дийцира, шен марнана, месаш а лаьцна, текхийна кадыровхоша, ткъа шина маьрйишина кхерамаш тийсина, маьттаза мотт а лебеш, аьлла.
- «Венера Анзор» цIарца вевзаш хилла Умаров вийра Австрин коьртачу шахьарахь байначу беттан 4-чу дийнахь, коьртах герз тоьхна. YouTube-каналехула Кадыровна а, цуьнан гонна а ира критика еш хуьлура иза. Иза верах йолчу шеконца лаьцна Австрин полицино Нохчийчуьра схьаваьлла ши стаг - Ахтаев Сар-Iела а, Магамадов Салман а.
- Австрин Конституци Iалашъяран а, терризманна дуьхьалояран а урхалла ю зулам толлуш. Цкъачунна Умаров веран бахьана довзийтина дац талламо. Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн министра дош делла и вейтинарш Iорабаха.
- Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана арахьарчу пачхьалкхийн леррина ницкъаш бехкебина Умаров а, кхин массех политикан эмигрант а верна.
-