ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Краснодарехь 3 стаг лаьцна Хабаровскера протест къобалъечу гуламера


Court Sochi
Court Sochi

Краснодарерчу Ленинан кIоштан кхело кхаа денна лаьцна Хабаровскерчу гуламхошкахьа шаьш хилар хоуьйтуш гIалахь хIоттийначу акцин кхо декъашхо. Оцу хьокъехь Кавказ.Реалиига хаам бина адвоката Аванесян Алексейс. Цо бахарехь, «санкци йоцу акци хIотторна» аьлла довзийтина кхело бахьана.

Товбеца-беттан 25-чу дийнахь (шот) Краснодарерчу мэрин цIенна хьалха гулвелира 100 гергга вахархо. Полицино гулам низамца богIуш бац шайга аьлча, гIалин цхьана урамехула охьабаха буьйлира нах, «Со, тхо Хабаровскера ду» лозунгаш а кхайкхош. Амма леца болийра ницкъхоша.

"Баьццара кучамах йоьхна, шаьш акцехь дакъалоцуш буйла гойту кегийрхой болийра леца. ВорхI, лаьцна, кхачийра полице, веанга цигахь буьйса яккхийтира, Iуьйранна дIахийцира цхьаъ, кхелехь вогIур волуш. Кхоъ кхело лаца сацамбира, уьш гуламан лидерш бу ала бух а боццушехь", - дийцира Аванесяна.

  • Хабаровскехь ши кIира сов хан ю, лаьцна, Морсква дIавигина губернатор Фургала Сергей арахецар доьхуш, бахархойн гуламаш лаьтта. ТIаьххьарчу шоьтадийнахь гулвелира цигахь, кеп-кепарчу хаамашца, 20-90 эзар протестхо.
  • Хабаровск-мехкан губернатор Фургал лаьцна, цо 2004–2005 шерашкахь нах байъийтина, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG