ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу мухIажирашна тховкIело цаяларна Польша бехкейина Европан кхело


Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело бехкейина Польшин дозанхойн политика – цара Нохчийчуьра уьду нах Беларусин дозанах чекх цабийлийтар.

2017-чу шарахь шайга кхерамзалла йоьху нохчий Беларусе юхахьежорца Польшерчу дозанхоша дохийна Европан адамийн бакъонийн конвенцин масех декъера низам, боху Страсбурган сацамо.

13 нохчочо Польшина дуьхьал юкъахь чуделла кхо арз ду теллинарг. Оьрсийчу шаьш юхахьовсийча, шайн дахар кхерамна кIел нислушшехь, маситтаза дехарх, шаьш дозанах чекх ца довлийтира, боху аьрзнаш динчара.

Аьрзнаш чуделлачу кхойтаннах хIоранна 34 000 евро кхачийна компенсацина Европан кхело.

  • 2017-чу шарахь, официалера боцчу хаамашца, Беларусан дозанехь Польше кхача гIерташ, хан яьхьира масситта эзар нохчочо.
  • Польшин дозанерчу Тересполь гIала боьдучу цIерпошта чохь хIора Iуьйранна хуьлура Беларусера новкъаваьлла 100 сов стаг. Царех масех бен ца волуьйтура дозанах чекх, бисинарш юхаоьхура хIоразза а Бресте.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG