ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Экзаменаш а йоцуш, массо а абитуриент деша дIаэцна Абхазин университето


Абхазский госуниверситет
Абхазский госуниверситет

Факультеташка документаш чу мел делла кегийнах мехах деша дIаэцна Абхазин университето. Иштта деша хIоьттина цига кхушара 688 стаг.

Шен сацам боьзна ректорато махкахь эшна лаьттачу эпидемин хьолаца. Абитуриенташ, дIаелла экзаменаш а йоцуш, студентийн могIара баьхна «ун ца даржийтархьама» аьлла довзийтина цо бахьаница.

Бакъду, хIиттийра университето кегийрхошна экзаменаш, амма дIаэцна уьш массо а, жамIаш а ца лоьруш. Делахь а экзаменехь даьхна баллаш тидаме оьцур ду, хьалхара семестр дIаелча санна – цара къастор бу студенташлахь кхидIа мехах а, мехаза а доьшундерш.

  • ТIаьххьарчу дийнахь Абхазехь коронавирус хааелла шина вахархочуьнца.
  • Верриг а ун кхеттарг ву Абхазехь 57 стаг. Таханенна Гудаутерчу ковид-центрехь ву 8 пациент, 7 стаг ву цIахь лоьраша тергалвеш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG