ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Кадыровн полкан» буьйранчас мукIарло дина Украинехь а, Къилба ХIирийчохь а шен бIаьхочо тIемаш бина хиларх


Чалаев Замид
Чалаев Замид

Кадыровн цIарах йолчу лерринчу гIуллакхийн полкан куьйгалхочо Чамаев Замида, шен куьйга кIел волу эпсар винчу денца декъалвеш, хаийтина иза Украинехь а, Къилба ХIирийчохь а, Либехь а, Шемахь а хиллийла.

Иза Чамаевс довзийтина ша Инстаграме хIоттийначу постехь. Арсен цIе йолу подполковник ву цо вовзуьйтуш (редакцин аьтто ца белира эпсарх дерг алссам хаа).

Чамаевга комментареш язъечара хоьтту, стенгара евлла «Арсенна» шен некха тIехь кхозу мидалш, орденаш – уьш пачхьалкхашкахь лаьттачу конфликташкахь дакъалацарна елла цунна, жоп ло Чамаевс.

Амма кхечу цхьана постехь Чамаевс, шега динчу хаттарна дуьхьал жоп луш, яздо «Арсен» Украинехь хилла хиларх лаьцна.

Хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана тоьшалла дира, яц Украинехь тIемаш беш «нохчийн батальонаш», аьлла. Ткъа бохура, "ДНР-ехь"а, "ЛНР-ехь" а болу нохчий цига шайн лаамехь кхаьчна нах бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG