ТIаьххьарчу 24 сахьта чохь Къилбаседа Кавказехь коронавирусах 7 дархо велла, цамгар лаьцна кхин а 359 стага.
Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабо бечу хаамца, Ставропол-махкарчу дарбан хIусамашкахь дIаваьлла кхо унхо, Краснодар-махкахь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а – шишша. Юьхьанца схьа COVID-19 цамгарх велларг ву регионехь 975 вахархо.
ТIаьххьарчу дийнан а, ерриг а хенан а терахьаш:
- Ставропол-мохк + 110 (7880)
- Краснодар-мохк+ 95 (7975)
- Дагестан + 40 (9143)
- Адыгей + 38 (2642)
- Къилбаседа ХIирийчоь + 18 (4501)
- Кхарачой-Чергазийчоь + 18 (4415)
- ГIебарта-Балкхаройчоь + 15 (5931)
- ГIалгIайчоь + 15 (3620)
- Нохчийчоь + 8 (2018)
- ГIалмакхойчоь+ 2 (2512)
Къилбаседа Кавказехь 50 521 стеган тесташа гайтина COVID-19 цамгар. Ткъа Оьрсийчоьнан юкъара и терахь ду 823 515.