ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинерчу муфтийс Дудаевн цIе тилла еза боху Киеверчу урамна


Дудаев ЖовхIар, Нохчийчоьнан Ичкерин хьалхара президент
Дудаев ЖовхIар, Нохчийчоьнан Ичкерин хьалхара президент

Украинерчу бусалбанийн "Умма" урхаллин муфтийс Исмагилов СаIида Киеверчу Искровская ураман цIе хийцар, цунна керла цIе ялар доьху гIалин куьйгалле. Цо бахарехь, урамна тилла еза Дудаев ЖовхIаран цIе.

"Юкъарчу гIуллакхийн балакхочучу Киеван бахархоша болийра Искровская ураман цIе Дудаевн ЖовхIаран цIарца хуьйцуьйту болам. Украинерчу масех гIалахь а бу Нохчийчоьнан хьалхарчу президентан цIарх урамаш", – элира муфтийс Кавказ.Реалиига.

Исмагиловс кехат хьажийна Киеван кхеташоне (парламенте) ураман цIе хийцар доьхуш. Ткъа Кхеташоно, Кавказ.Реалиин хаттарна жоп луш, бакъдира и кехат шега кхаьчна хилар.

Киеван мэрерчу хьостано бинчу хаамца, ГIалин депутаташа герггарчу шайн гуламехь дийцаре дуьллур ду ураман цIе хийцар.

  • Украинехь дуьххьара Дудаев ЖовхIаран цIе елира урамна Львов гIалахь 1996-чу шарахь. Лермонтовн цIе лелош бара и урам хьалха.
  • Тахана Дудаевн цIе лелош урамаш ду Стамбулехь, Анкарахь, Амманехь, Львовехь, кхин а масех пачхьалкхехь. Нохчийчоьнан хьалхарчу президентан цIарах майданаш ю Варшавехь, Вильнюсехь, Ригехь, иштта дIа кхечу гIаланашкахь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG