ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ФСБ: Къилбаседа ХIирийчуьра 30 вахархо ву ДАIИШехьа тIемаш беш


«Исламан пачхьалкх» шех олучу экстремистийн тобан дакъошкахь тIемаш беш ву 30-тех Къилбаседа ХIирийчуьра вахархо, дIахьедина республикерчу ФСБ-н урхаллин пресс-векалто.

Зуламна бехкебечу оцу нахах цхьана декъах лаьцна информаци ю Талламан комитетан махкарчу урхаллехь. Оцу хьукмато бахарехь, ДАIИШе баханарш доккхачу декъанна бу ярташкара кегийрхой.

"Криминалан чолхечу хьолах лаьцна" дIахьедина Оьрсийчоьнан Кхерамзаллин Кхеташонан куьйгалхочун гIовсе Медведев Дмитрийга Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхочо Битаров Вячеслава а.

"Республикехь зуламхойн гIеранаш Iорайохуш боккха болх бина низам лардечу хьукматаша а, къайлахчу ницкъаша а, амма лецалур бац массо а, чу а бохкалур бац, социалан хьашташ ду кхочушдан дезаш", — аьлла мехкан куьйгалхочо, хаам бо ТАСС агенталло.

  • Къилбаседа ХIирийчохь терроризмца доьзна жоьпе ийзийначех тIаьххьарниг ву бутт хьалха БуьритIехь эккхийтар дан кечвелла, аьлла, лаьцна 30 шо долу стаг.
  • 2019-чу шеран бIаьста лецира Къилбаседа ХIирийчохь махкара вахархо Гуев Георгий. Иза бехкево террористашна ахча латторна, амма гергарчара доцчу фактех кхоьллина ду боху и дов.
  • Стохка 14 шарна набахте хьажийра махкара вахархо Дзицоев Руслан. ДАIИШна байIат дарна бехкевира иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG