ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Экс-сенаторна Арашуков Рауфна 1,5 миллиард сом охьадиллар тIедожийна


Экс-сенатор Арашуков Рауф
Экс-сенатор Арашуков Рауф

Оьрсийчоьнан Федерацин Кхеташонан декъашхо лаьттинчу Арашуков Рауфна 1,5 миллиард сом охьадилла тIедожийна Iедало, хаам бина "РИА Новости" агенталло.

Шегара дIабаккха кхачийна бахам гулбина Арашуковс 2007-2017-чу шерашкахь. Конфискаци йийр ю цуьнан доларчу 73 гIишлонна, шайн декъахь пхи петар а, исс цIа а, кхузза тIекъелдина "Адиюх-Пэлас" хьешан цIа а, ресторан а, 7 лаьттан дакъа а, 14 машен а, кхийолу еза хIуманаш а йолуш, билгалдоккху "Ленте.ру" портало.

  • Кхушеран Дечкен-баттахь, Федерацин Кхеташонан гуламехь веана а волуш, лецира Кхарачой-Чергазийчоьнан сенатор Арашуков. Циггахь цунах лаьцна къамел дира Инарла прокурора Чайка Юрийс. ШолгIачу дийнахь тIечIагIйира иза лаьцна кхаба бакъо.
  • Арашуков бехкево зуламхойн тоба кхалларна а, ши стаг вен кечамбарна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG