ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказера COVID-хьал: 11 велла, 417 цомгуш хилла тIаьххьарчу дийнахь


ДIадахначу дийнахь Къилбаседа Кавказерчу дарбан хIусамашкахь коронавирусах велла 11 дархо, цомгуш хилла кхин а 417.

Оьрсийчоьнан Оперативан штабан терахьашца, уьнах Ставропол-махкахь кхелхина 3 стаг, Дагестанехь, Краснодар-махкахь, ГIебарта-Балкхаройчохь - шишша, Къарачой-Чергазийчохь а, Нохчийчохь а – цхьацца. Официалан статистикаца, верриг а уьнах велларг ву Къилбаседа Кавказехь 986 стаг.

ТIаьххьарчу дийнахь а, еррриг а хенахь а цомгуш хилларш:

  • Ставропол-мохк + 119 (7999 за все время эпидемии)
  • Краснодар-мохк + 97 (8072)
  • ГIалмакхойчоь + 49 (2561)
  • Дагестан + 40 (9183)
  • Адыгей + 37 (2679)
  • ГIалгIайчоь + 24 (3644) ​
  • Къилбаседа ХIирийчоь + 16 (4517)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь + 15 (5946)
  • Нохчийчоь +12 (2030)
  • Кхарачой-Чергазийчоь + 8 (4423)

Пандеми яьржичхьана схьа Къилбаседа Кавказехь ун кхетта 50 668 стагана. Ткъа ерриг а Оьрсийчохь - 828 990-нна. Иштта ю Оперативан штабан статистика.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG