ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Росгвардин декъашхо верна, Бютукаев а, цуьнан накъостий а лоьху ГIалгIайчохь


Къилбаседа Кавказехь йисинчу тIаьххьарчу тIемалойн тоба (амир Бютукаев Аслан) куьгбехке ю аьлла хета Росгвардина селхана шен белхахо Алиев Увайс ГIалгIайчохь верна.

Iуьйранна дуьйна лоьху тIемалойн лар Соьлжан кIоштан хьаннашкахь, хаам бира Кавказ.Реалиига ГIалгIайчоьнан ницкъаллин урхаллехь.

Талламна хетарехь, лаххара а 2-3 стаг ву лейтенант Алиев Увайс герзаш диттина вийнарг. Эпсар вуьйчу хенахь цуьнца машена чохь хиллачу зудчо дийцарехь, Нохчийчоьнан бахархойн маттах тера хилла тIелеттачара вовшашца ден къамел.

"Нохчийчоьнан, ГIалгIайчоьнан дозанашна гергахь, ломан хьаннашкахь лечкъа Бютукаевн жима тоба, аьлла, оперативан информаци ю яьржина масех бутт хьалха", - хаам бо талламна гергайолчу хьостано.

  • Алиев Увайс вийна селхана сарахь Яндаре юьртанна гергахь.
  • Бютукаев Аслан Авгазарович вина 1974 шарахь Нохчийчуьрчу ТIехьа-Мартанахь. ТIемаш бина Масхадов Асланан куьйга кIел. 2010 шарахь иза ийгIира Кавказ Имаратан лидерца Умаров Доккица, амма бертавахара шо даьлча. 2013 шарахь, Умаров кхелхича, хIоьттира нохчийн тIемалойн коьрте. Дукха хан яра цунах лаьцна хIума хезаш доцу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG