ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанерчу экс-премьеран кIант лаьцна стаг вер толлуш


Москварчу Басманный кхело шинарин дийнахь лаьцна Дагестанехь премьер-министр хиллачу Меджидов Мухтаран воI Меджидов Муртуз-Iали, хаам бо "РИА Новости" агенталло. Иза бехкево 2018-чу шарахь Москварчу дуьненаюкъарчу дипломатин институтан (МГИМО) студент ерна.

Лурчаха бIаьста институтан йоьалгIачу гIат тIера корах чуйоьжна Казахстанера студент Байсафа Томарис. ТIаьхьо дарбан цIийнехь дIаяьлла иза. Цо ша-шена тIе куьг даьхьина аьлла айдира гIуллакх юьхьанца. Меджидовга хеттарш дира, амма ца лецира хIетахь. Ткъа хIинца талламчаша гIуллакх даьккхина "стаг вер" олучу категоре.

Хаамийн гIирсаша дийцарехь, Байсафина тIехьийзаш хилла Меджидов.

Казахстанерчу омбудсмена шен Оьрсийчуьрчу коллеге Москалькова Татьянига хьалхо дийхира бехктакхаман гIуллакх тергоне эцар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG