ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Арахьара тIебаьхкина нах а боцуш деш ду хьаж Маккахь


I932 шарахь кхоллаеллачу СаIудийн Iаьрбийчохь, тIебаьхкина нах а боцуш, дуьххьара хьаж ду деш. Чекхдолу иза тIебогIучу Марсхьокху-беттан 2-чу дийнахь.

Хьал маьрша долучу шерашкахь лаххара а ши миллион бусалба кхочура Макка хьаж дан. Амма кху муьрехь цига бац кхаьчна I0 эзар гергга нах бен. Ткъа уьш бу, доккхачу декъанна, меттигера бахархой. 65 шарал сов хан йолчу баккхийчарна а, хроникан цамгарш йолучарна а ца магийна ХьаьжцIа баха.

Хьаж дечарна тIехь ду коронавирусан тестах чекхбовла а, адам алссам гуллучохь дистанци латто а. Доьхку кхушара Маккара бусалбанашна еза йолу мехаллаш куьйгашца хьеян а. Цул совнаха, шайн-шайн цIехьабирзича хьаьжой декхаре бу шина кIиранах карантинехь Iан.

Пандеми яьржичхьана схьа СаIудийн Iаьрбийчохь COVID-I9 ун хьакхаделла 270 эзар вахархочух, товелла 230 эзар. Белларш бу 3000 гергга.

По последним данным, с начала пандемии в Саудовской Аравии выявлено более 270 тысяч заболевших коронавирусом. Выздоровели около 230 тысяч человек. Умерли почти три тысячи пациентов.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG