ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путин коррупционер ву аларна гIуда тоьхна кхело Краснодар-махкахь


30 эзар сом гIуда тоьхна Краснодар-махкарчу Ейскерчу кIоштан кхело меттигерчу вахархочунна Макухин Николайна. Иза бехкевина Iедал сийсаздеш йолу информаци яржорна. Facebook машанерчу цхьана дискуссехь цо яздина хилла, Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир коррупцин декъахь ву аьлла.

Кхело шен сацам (Оьрсийчоьнан административан низам талхорах йолчу кодексан 20-1, 3 дакъа) хIоттийна деккъа дIа полицин белхахоша яздинчу протоколийн а, рапортийн а буха тIехь. Яц яйтина Макухинан йозанашна экспертиза.

Ша бехке вац, кхелашкахь къийсавала лерина ву, элира Макухина Кавказ.Реалиига.

"Нагахь санна ас аьлларг сийсаз хIума делахь, ах Оьрсийчоь еза набахте хьажо ", - тIетуьйхира цо.

Юкъараллин жигархочо гIуда охьа ца диллахь, иза 15 денна чуволла торуш ду, боху кхелан сацамо.

  • Краснодар-махкахь кхело хьалхо изза бехк тIехьарчийра цигарчу вахархочунна Гяммер Левна, оппозиционеран Навальныйн меттигерчу штабан координаторна.
  • Дуьненаюкъарчу бакъоларъярхойн "Агора" тобано ялочу статистикаца а догIуш, дIадахначу шеран ялх бетта чохь "Iедал цаларар" олучу низамца таIзарш дина дуккха наханна, аьлча а, гIуданаш диттина. Динчу таIзарийн бахьанех 78% кхочу Путинах лаьцна вон къамелаш даржорна, 22% - губернаторш а, ницкъхой а емалбарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG